Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман

Тут можно читать онлайн Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Прочие приключения. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман краткое содержание

ЧIир. Роман - описание и краткое содержание, автор Хараев ИбрахIим, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

ЧIир. Роман - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Хараев ИбрахIим
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Iуьйранна марта диначул тIаьхьа, Гончаровс рота могIаре дIахIоттийра:

– ЛадогIал, сан хьомениш! Тахана вайна йукъара итт стаг дIавоьдуш ву. Вай кхин гур дуй ца хаьа, амма иштта сингаттаме а, ирча а къамелаш дан ца лаьа суна, хIете а замано хIун боху ца хаьа. Уггаре а коьртаниг цхьа хIума дара сан шуьга ала – вайн ротин сий ларделаш!

Хийцамаш хиллий хIинца а хууш воцучу Гончаровс Ченцовга элира:

– Лаккхара сержант, вовшахтоха хьайн отделени! Со кехаташ кечдан воьду!

Ченцов корта оллийна лаьттара, ша капитане харц дерг дийцина ца лалуш, амма цо ца дохийнера Русланна делла дош.

Руслан кора йистехь лаьттара, штаб йолчу агIор дIахьоьжуш. Цунна гуш дара Гончаров сихавелла ара волуш.

– Хиъна цунна ша дерриге а! – дагатессира Русланна.

– Гончаров ву вогIуш, дIанехьа вала! – мохь туьйхира Руслана Викторе.

Гончаров ведда вогIура – Мичахь ву иза? – бохуш мохь бетташ.

– Кхузахь ву со, накъост капитан! – духьалволавелира цунна Руслан.

Шина а куьйга Руслан белшаш тIера а лаьцна дIасхьаластийра Гончаровс:

– ХIунда дина ахь иза? Хьуна мегар ма дац цига ваха! Хьо буобер ма ду! Дуьне кIордийна хьуна? Хьо дийна цIа вогIий хууш ма дац цигара. Хьо лартIахь вуй? – мохь хьоькхура Гончаровс.

Руслан дуьхьал вистхилар доцуш, десачу бIаьргашца геналле хьоьжура.

– Накъост капитан, къинтера вала суна, амма ишта хила дезаш дара дерриге а…

Ши сахьт даьлча йерриге а отделени новкъайала кийча йара. Йерриге а рота йеара шайн накъостийн Iодика йан – хьанна хаьа кхин гур дуй а? Гончаров хIоранна а дегайовхонца маракхийтира. Руслане а хьаьжна цо элира:

– Дукха саьлтий гина суна, дукхачеран цIерш а йицйелла, амма хьан адамаллех дуьзна васт сан иэсехь даима а дехар ду хьуна, Дадиев. Хьоьца къамел дан лаьара суна, жимма хан йолчура, дIанехьа вала соьца.

Русланна хала дара Гончаровн бIаьра хьажа. Дена дуьхьал ваьлча санна хетара цунна ша.

– Руслан, суна хаьа лаа ца виссина Ченцов. И бахьана долуш бина бу-кх ахь хIара харжам. Со ца кхета хьоьх, Руслан. Хьоьца дуй адамаш ишта тIехдика хьо цаьрца санна?

– Руслан, велакъажарца вехха Гончарове хьаьжира:

– Дика ца хила йиш йуй, накъост капитан? Со нохчо ву. Нохчийн доьзалехь дукха бераш хуьлу, амма со сайн ден а ненан цхьаъ бен вацара. Сан ворхI шо дара со дуьххьара цхьаьна кIантаца леттачу хенахь. Иза соьл нуьцкъаха вара, цундела цо со эшийра. Со цIа веъча, дас соьга а хьаьжна элира:

– Гой хьуна мел хала ду вайн дахар, амма иза мел хала делахь а, цкъа а адамаллех ма вохалахь. Да-нана доцург кхин кху доккхачу дуьнен чохь дог лаза стаг вац хьан, цундела тхойшиъ дIадаьлча, хьайн дезар ду хьан дахаран ирхенаш йаха. Сан цхьа весет хир ду хьоьга – цкъа а ма кхоаделахь айхьа адамна деш долу дика. Со дIаваьлча, суна лаьара, хьо волчу богIучу наха хьоьга – ма дика да вара хьан да олийла. Кхин хIумма а ца оьшу суна кху дахарехь. Дахаран жамIаш тезетахь хуьлу. Адамна вуо дина стаг веллачу хенахь, цунах дика дош ала хала хуьлу, ткъа дикачу стага шех йаккха йитина цIе иза веллачул тIаьхьа цуьнан метта дуьнен чохь йеха.

Сан ворхI шо долуш дас со боксан секци дIавеллера, амма цо цкъа а ца магийнера суна бен доцуш буйнаш дIасхьалесто. Ас гIийлачеран, зудберийн гIо доккхура даима. Дас аьлла дешнаш гуттаренна а диссина сан иэсехь. Сан исс шо долуш, сан да-нана новкъахь бохам хилла дийнера. Со тезетахь лаьттачу хенахь, схьаоьхучу адамаша со маравуллуш олура соьга:

– Ма дика стаг вара хьан да! Дала мукъ лахь хьо а хир ву хьуна ишта дика! Цундела накъост капитан сан кхин некъ бац, адамаллин некъ боцург.

Гончаровс леррина ладугIура Руслане. Ханна жима волчу цо кху йоцачу хенахь дахаран маьIна дан Iамийра, хIинцале замано зийна волу, гIеметтахIоьттина капитан.

– Дала мукъ лахь Соьлжа-ГIалахь гур ву вайшиъ, Руслан! Дала аьтто бойла хьан, сан жима ваша! – капитана доггах маравоьллира саьлти.

– Дала аьтто хьан а бойла, накъост капитан! Тхо дIакхаьчча, оха кехат йаздийр ду шуьга, суьрташ а тоссур ду. Марша Iойла шу.

Уггаре а тIаьххьара Iодика йан Руслан Ченцовна тIевахара. Руслан кхетара мел хала ду шен накъостана.

– Витек, са ма гатде ахь! ХIумма а дац хьуна! Ша дерриге а дика хир ду Делан лаамца. Хьо ледар ма хилалахь! Ас кехат йаздийр ду хьоьга. Тхо дIакхачале-м хьан бер хир ду. Эскарера ваьлча, хьайн бер кхиош, хьанал къахьега!

– Руслан, нагахь санна сан кIант хилахь, ас Дала мукъ лахь цунна Руслан цIе туьллур йу хьан сийнна, цунах хьо санна дог-цIена а, доьналла долуш а стаг хилийта.

V

Афганистанехь Русланан а, цуьнан куьйг кIелара саьлтийн а куьйгаллехь полковник Ляшенко вара. Саланг олучу дукъа тIера биргIанийн хьал тергал дан дезаш йара церан тоба.

Дийнахь а, буса а киранан машенаш чекхйовлу тоннель мехкан къилбаседа а, къилба а агIонашна йуккъехь, лаьмнашкахь йаьккхина йара, кхо километр лекхаллехь.

Цу хенахь Советски эскар шена тIедиллина тIеман дукхох долу декхарш кхочуш дина долуш лаьттара. Цхьа долу эскар арадоккхуш дара, амма лерина подразделениш хIинца а къиссам латтош йара дозанал арахьара чукхоьхьучу герзаца, амма хIете а кхераме дара кхузахь. Муьлххачу а мIаьргонехь душманаша кIело йеш меттигаш нислора, цундела Саланг тоннелехь даима а дара кхераме. БиргIанаш йахкаран эскара дукха хьолахь нахацачул Iаламца бара къиссам латтош – лаьмнашкахь сих-сиха хьаьтташ хилар бахьана долуш, биргIанаш даима тайан йезаш хуьлура.

Цхьаьна дийнахь Руслан, шеца масех саьлти а волуш бохам хиллачу меттиге схьакхечира. Кхара кхузахь йаккха йиссинарг масех де бен хан йацара – дукхох болу трубопроводчикаш гражданке цIа боьрзуш бара, амма Афганистанера тIом шерашна бахлуш бара.

– Шуна дика ду! – элира Костриков Лешас. – Тхо-м кхин а шо даккха дезаш ду кхузахь.

Руслан гIийла хьоьжура лайн басешка. Гиндукушан буьрса лаьмнаша дагатессира хьоме Кавказ, амма кхузара лаьмнаш луьстачу хьаннаша хьулдина дацара, кхузахь Кавказехь санна ца декара зевне шовданаш, маршонан хелхарехь баххьаш тIе ца хуьйшура кура аьрзу…

– Лаьмнаш а гина хьайн Кавказ дагайеана хир йу хьуна? – сиха кхийтира цуьнан ойланех Леша. – ХIумма а дац… кестта цIа гIур ву хьо, ткъа со муьлххачу а мIаьргонехь мини тIехь эккха а тарло…

– Вуониг ма латтаде даг чохь! Хьуна хIумма а хир дац! – элира цуьнга Руслана.

– Хьуна атта ду ишта ала! – ца вашарца велавелира Костриков.

– Ала атта хилар дац иза. Хьо дика стаг ву, цундела хьуна хIумма а хир дац. – Вехха лаьмнийн тархашка а хьоьжуш, цхьа кIоргера, гIийла жоп делира Руслана.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Хараев ИбрахIим читать все книги автора по порядку

Хараев ИбрахIим - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




ЧIир. Роман отзывы


Отзывы читателей о книге ЧIир. Роман, автор: Хараев ИбрахIим. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x