Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман

Тут можно читать онлайн Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Прочие приключения. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман краткое содержание

ЧIир. Роман - описание и краткое содержание, автор Хараев ИбрахIим, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

ЧIир. Роман - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Хараев ИбрахIим
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

– Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?

– Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна. Дика стаг ву иза. Кхин ала хIума дац сан цуьнан хьокъехь.

– Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора. Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду – нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.

– Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга – Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.

– ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?

– Суна ца хаьа!

– Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.

– Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.

– Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.

– Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн мотт а. Суна КъорIан деша а хаьа.

– Дела реза хуьлда цунна.

Руслан кхетара, бакъ дерг тIе ца эцча, ша ца волий – Кантас дукха диканаш дина кхуьнан кIантана, амма хIун Iалашо хилла цуьнан жима бер дегара лачкъош? Иза йоккха къайле йара. Микаил карийна воккхавеш велахь а, амма Канте болчу цабезамах цIанбелла бацара хIинца а Русланан кийра.

Маьждигехь ламаз а эцна, ламаз дан дIахIоьттира Руслан, ткъа цунна улло лаьттара Микаил. Русланна дуьххьара гуш буйнал бен ца хилла Микаил, хIинца шен деца нийсса вара.

– АлхьамдулиллахIи! Ахь диначунна реза ву-кх со, АллахI! – дерзийра шен ламаз Руслана.

Микаил хIинца а Iаьбна вацара шен ненан суьртах. Иза вехха хьоьжура цуьнан эсала амате. И сурт карахь долуш, ненан карахь куьйг долуш санна хетара Микаилна. Ткъа Русланан ойланашкахь йуха а Канта вара. Иза кхетара зуламе стаго ишта лерина терго йеш кIант кхиор вацара…

Меллаша маьждигера аравелира Руслан а, Микаил а.

– Микаил, вайшиъ чоьхьаваьлча, Кантин чоь гайталахь суна, ткъа хьуо дIанехьа вала. Кантица шеца къамел дан лаьа суна, цуьнан бIаьра а хьоьжуш.

Руслана иза оьгIазлонца аьлла доццушшехь, Микаилан синтем бацара.

– Дада… дика хир ма ду ша дерриге а дуй?

– Дер хир ду, Микаил! Са ма гатде ахь.

И шиъ чоьхьавелира. Руслана доккха са даьккхира. Микаилан неIаран тIам озо дагахь куьйг дIакховдийча, иза сацийра Руслана:

– Собар дехьа, Микаил. Жимма хан йеза суна. Кхетий хьо соьх?

– Дер кхета, дада. Вайшиъ цхьанхьа а сиха ма вац – реза хилира Микаил.

Руслан йуха а вехха хьоьжура кIентан бIаьра. Дахар шина декъе декъаделлера. Цхьа дакъа йаханчу заманехь диссира, ткъа шолгIаниг Кантица къамел хиллачу мIаьргонехь долалур ду. Руслан ирзу долчу агIор дIавахана, бай тIе охьалахвелира, ткъа цIеххьана самадаьллачу иэса марсайаьккхинера кийрахь йаьлла цIе. БIаьргаш хьалха хIоьттира хIара дуьххьара эскаре кхаьчна денош.

Корта III Руслан эскарехь I Руслан берхIитта шо кхаьчч - фото 7

Корта III

Руслан эскарехь I Руслан берхIитта шо кхаьчча массо а нийсархой санна - фото 8

Руслан эскарехь

I

Руслан берхIитта шо кхаьчча, массо а нийсархой санна эскаре кхайкхира. Даймохк ларбар шен сийлахь доккха декхара хетара цунна, ткъа уггаре а чIогIа Афганистане кхача лаьара, мостагIашца нийсачу къиссамехь шен доьналла гайта.

Руслан билгалйиначу хенахь тIеман комиссар Воронин волчу веара. Военком схьакхаччалц хан йойуш, ингалс меттан Iаматан агIонаш дIалуьстуш Iаш вара Руслан, амма Воронин дукха ца Iаш схьакхечира.

– Хьо соьга хьоьжуш вуй, жима стаг? – хаьттира шовзткъе итт шаре ваьлла хила тарлучу гIеметтахIоьттина стага.

– Ву, накъост подполковник! – хьалаиккхира Руслан.

– ЭхI! Хьажахь, цуьнга тIемало! Хьан фамили….да велла йуьссийла хьо, контузи! ХIун йара хьан фамили?

– Дадиев ву со.

– Ван а ма ву Дадиев! Чоьхьавала тIаккха.

– Гражданкехь висса лууш хир вара хьо?

– Дер вац, товарищ подполковник!

– Кхиор ву хьо соьх и товарищ подполковник ала, собар дехьа, хьо эскарехь а вацара. Дорофеевс Iамийна хир ву хьо. И дер йу борз. ХIинца а вуй хIара хьалха санна къовламе?

– Тхоьца чIогIа дика ву иза. Оха массара а лоруш а ву.

– Хаьа суна. Цуьнан студенташ къаьсттина дика хуьлу: Калашников автомат вовшахйаккха а, йуха вовшахтасса а чIогIа дика хаьа царна. Хьуна мел хан оьшу автомат вовшахтасса?

– Пхийтта секонд тоьур йу.

– Пхийтта секонд?

– ХIаъ, товарищ подполковник.

– Уггаре а тоьлла гайтаман мел норматив йу хаьий хьуна?

– Хаьа. БерхIитта секондера ткъе итт секонде кхаччалц.

– ТIаккха? Стенна йеш йу ахь ишта сихо?

– Муха стенна? Товарищ подполковник? Масане хуьлу тIам тIехь.

– ТIом стенна буьйцу ахь? Хьо тIом бан воьдуш ву, йа эскаре воьдуш ву? – эпсар ойланашка вахара. – Дика ду тIаккха. Мичахь лаьа хьуна тIеман декхара дIакхехьа?

– Афганехь, товарищ подполковник.

– Вай, хьо валла… кхин цхьа турпалхо гучувели хьуна! – элира Воронина, цигаьрка а узуш. – Ас диъ шо даьккхина цигахь. Гуш дуй хьуна суна хилларг? – оьгIазе гайтира Воронина шен астагIа ког.

– Ду.

– Цигахь мини тIехь иккхинера со. Соьца дерг-м къаьстина даьллера. Ас и некъ хаьржина дукха хан йу. Ткъа хьо хьан ца вуьту цига ца вахча? Стенна оьшу хьуна Афган?

– Хьо хила ма хилла цигахь. Хьо а хилла, кхин болу вайн кегий нах а хилла. Суна а ма лаьа шуна санна сайн Даймохк ларба.

– Цигахь. И дика элира ахь, цундела дIахаийла хьуна Даймохк цигахь ларбеш ца хуьлу, Даймохк кхузахь ларбеш хуьлу. Нехан махкахь цIий Iанор иза Даймохк ларбар дац хьуна, цундела дика ладогIал соьга, къонахчо къонахчуьнга санна къамел дийр ду вайшиммо.

– Дика ду – элира – Воронина дуьйцучух хIинца а башха кхеташ воцучу Руслана.

– Цхьа шо даьлча, со пенси дIавоьдуш ву. Массо а адамашкара санна диканиг а, вуониг а даьлла хила тарло соьгара. Шовзткъе итт шо ду сан. АхбIешарахь дуьнен чохь ваьхна со. Цхьа ког коша а бахана ву ала мегар ду. Ас сайна дош делла кху шарахь сайн ницкъ кхочург дан хьо санна болу кIентий цу Афгане ца кхачийта? Хьо кхеттий соьх?

– Со санна болу стенна боху ахь? Со нахал эшна ву?

– Вац. Йа эшна а вац, йа тоьлла а вац. Хьо буобер ду. ХIан! Гуш дуй хьуна? – Воронина кегий кIентийн суьртийн пачка охьакхоьссира стоьла тIе. – ХIара бераш кхин дуьнен чохь дац хьуна. Уьш массо а Афганистанехь белла. Царех виъ хьо санна да-нана доцуш кхиъна вара. Цига ца кхаьчнехь, уьш хIинцале зударий а бахкийна, шайн доьзалш а болуш, ирсе Iаш хир бара хьуна, амма церан дахар бехк-гуьнах доцуш кагдина, цу неIалт хиллачу тIамо. Массо а соьга ларлур вац цу тIамах, амма хьо санна долу буобераш цига ца кхачийта сайн ницкъ кхочур дийр ду ас. Дукха дуьйцу ас, сайн а хьан а хан йойуш. Доцца аьлча, цхьа бутт баьлча, Сахалине саьлтий бу дIахьовсо безаш. Иза чIогIа гена меттиг йу, къаьсттина Афганистанна генахь йу иза. Цигахь стройбатехь хьайн тIеман декхара дIакхоьхьур ду ахь, ахча а доккхур ду хьайна, иза карор ду хьуна эскарера ваьлча. Цу тIехь вайшинан къамел чекх а даьлла, иза вайшинна йукъахь бен хилла а дац. Кхеттий хьо? ХIинца мокъа ву хьуна хьо.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Хараев ИбрахIим читать все книги автора по порядку

Хараев ИбрахIим - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




ЧIир. Роман отзывы


Отзывы читателей о книге ЧIир. Роман, автор: Хараев ИбрахIим. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x