Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман
- Название:ЧIир. Роман
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005693969
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
Хараев ИбрахIим - ЧIир. Роман краткое содержание
ЧIир. Роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Русланна кIант цIа кхаччалц дIакхето лиира, ткъа Микаила дуьхьало ца йира. Меллаша машенна тIевахара и шиъ.
Микаила велакъажарца шен скейтборд багажникана чукхуссуш, элира Руслане:
– Ма дика дагадеара хьуна хьо сан да ву ала. Ахь и ца аьллехь, цара со цIа вуьгур вара, тIаккха суна цIахь хIума кхетар йара.
– Микаил, со боккъалла а хьан да ма ву! – машенан корах ара а хьоьжуш, меллаша элира Руслана, ткъа йуха ша аьлларг тIечIагIдеш санна, кхин цкъа а элира – со ву хьан да!
Микаилан макхйеллачу йуьхьтIера бIаьргийн хьежар шеконах дуьзна дара.
– ОьгIаз а ца воьдуш, ладогIа соьга, Микаил. Ас жимма тIаьхьа, ша дерриге а ма-дарра дуьйцур ду хьоьга, амма уггаре а хьалха со Канте вистхила везаш ву.
– Ахь бехк ма билла, амма сан да цомгуш ву, ткъа со…
– Хьан да со ву! И вац! – йукъахдеккхира кIентан къамел Руслана.
– Ву дер иза-м сан да! Хьо мила ву соьца хIара къамел дан? – дера хьоьжура Микаил Руслане. ХIинцалц хилла эсалалла цхьаьна мIаьргонехь оьгIазлонна хийцайелира. Русланна моьттура кхин ша Кантин цIе йаккхахь, хIара кIант дера экха санна шена тIекхетар ву.
– Iамаьркахь кхиъна велахь а, амма амала-м нохчийн йу хьуна хьан – дагатессира Русланна.
Вехха Микаилан бIаьра а хьаьжна, Руслана элира:
– Собар де, Микаил! Собарах ца вухуш, соьга ладогIа! Кестта хьуна йоккха къайле гучуйер йу. Мила йу хьан нана?
– Сан нана йелла, со веш!
– Иза бакъ ду. Муха йара цуьнан цIе?
– Роза.
– Иза бакъ дац. Хьан ненан цIе Бэлла йара. Хьоьга харц дерг хIунда дийцина ас тIаьхьа къастор ду. Цуьнан сурт гиний хьуна цкъа а?
– Ца гина.
– ХIунда?
– Дадас тIом болчу хенахь тхан цIено дохийна бохура, цундела массо а суьрташ а даьгна дIадевлла.
– Иза а бакъ дац, Микаил. Кантехь хуьлийла дацара Бэллин сурт. Иза цунна цкъа а гина а йацара. Нийсса йалхийтта шо хьалха зуламхошца цхьаьна Кантас со а, Гельдман Яша а лачкъийнера. Ткъа цул тIаьхьа, йалхийтта шарна сан дахарера дIавайнера хьо, амма Делан лаамца суна карийра хьан лар. ХIинца хIара дерриге а маьлхан дуьне тIекIалдалахь а, ас хьо цхьанна а дIалур вац. Хьо хезаш вуй? – къора декара Русланан аз. Цу озах кхета мегар дара, цо шен дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах.
Микаил Iадийнера. Шена гуш дерг гIан ду моьттура цунна. ХIинцалц тийначу хоршехь дIадоьдуш хилла цуьнан къона дахар, тахана цхьаьна мIаьргонехь орамца хийцаделира. Нана боху дош даима лазаме дара Микаилна. Воккха мел хуьлу, дукха ойланаш йора цо ненан йаларах. Наггахь ша бехке а хетара – кхунна дахар кховдош дуьненчуьра дIа ма йаханера иза. Ненан марзонан чам хиъна воцучу Микаилна шен дахаран маьIна къена да хетара. Цунах эшахь са дIадала а кийча волчу кIантана, хала дара тахана и хьан да вац, и хьан цхьа а вац бохучунах теша. Ткъа ненан цIе а кхин хилла боху кху стага. Дукха жима волуш дуьйна ма чIогIа сатуьйсура Микаила ненан сибат ган. ВорхI шо кхаьчначу хенахь, къоламца сурт дилларан говзалла гучуйелира Микаилан. Шен ойланашкахь, шен гIенашкахь дуьхьалтуьссуш хилла цуьнан сирла сибат кехатана тIедеккхира жимачу кIанта, ткъа йуха хазахетарца да волчу ведда вахара:
– Дада? Тера йуй? Ишта йарий сан нана?
– Йацара! – доцца хадийра Кантас. Цунна цкъа а ца лаьара Микаилан ненах лаьцна дийца. КIантана хаьа лаьара муха дара ненан бIаьргийн хьежар, муха дара цуьнан аз, йелайалар, эсала йарий цуьнан амал, амма Канта цу дехаршна даима а къора вара.
Тахана Микаил боккъалла а воьхнера. Русланах теша хала дара. Кхузара ведда дIаваха, хилларг гIан долуш санна дицдан лаьара цунна, амма кху хийрачу стага нана хьахийча, шеко йоьссира кIентан даге.
– Нагахь санна хьуна со хьайх тешийта лаахь, сан ненан сурт гайта тIаккха суна. Суна иза сиха йевзар йу.
– Шеко йац цу тIехь, Микаил. Дер йевзар йу хьуна иза. – Руслана сиха дIакховдийра цуьнга Бэллин сурт. Цу мIаьргонехь кIентан бIаьргаш хих дуьзнера. Руслан машеначуьра аравелира. Жимма арахь а лаьттина, йуха машенна чухиъча, цунна гира сурт а карахь воьлхуш Iаш волу Микаил. КIант шена тIеозош, иза доггах маракъевлира Руслана, ткъа Микаила дуьхьало а ца йира… Дегочу озаца цо «дада» олуш хезира Русланна.
Руслана итта шарахь сатийсинера Микаил дуьненчу валаре. Эххар а дуьххьара цо мохь тоьхча, Русланан дахар хийцаделира, дерриге а дуьне хийцаделира цунна. Кхо кила бен йозалла йоцу, и йовха ларча шега схьакховдийча, Руслан кхийтира шен дай лар йоцуш бовр бац – хIара йу церан кхане, церан тIаьхье. ХIетахь санна хIинца а маракъуьйлура Руслана шен кIант, Дала шолгIа совгIат деш, кхуьнан дахаре йухаверзийна волу кIант.
– ХIунда йеллера нана? Могуш йацара иза? – эххар а хаьттира Микаила.
– Оьрсийн маттахь хьуна деша хууш делахь, ас гойтур дара хьуна цо йаздина кехат – жоп делира Руслана.
– Суна хаьа оьрсийн маттахь деша! – хазахийтира Микаилна.
Руслана тIоьрмигчуьра схьаэцна, дIакховдийра цуьнга мажделла кехат – Бэллас Руслане аьлла тIаьххьара дешнаш.
«…Руслан, цкъа а диканах дог дилла мегар дац, цундела ас а сатуьйсу, со дийна а йиссина, хIара кехат ахь доьшур дац аьлла. Iожаллах кхоьруш йац хьуна со, со кхоьру хьоьх а, оццул дуккха а шерашкахь вайшиммо сатийсина хиллачу Микаилах а къаста…»
Йуха а охьахьевдира кIентан бIаьргара хиш, ткъа Бэллас кхин дIа йаздора: «Руслан, хилларг хилла даьлла, иза хийца вайшинан ницкъ кхочур бац. Сайн дахарна а, вайшинан кIентан дахарна а йукъахь, ас хаьржина кIентан дахар. Ас хьоьца ирсе хан йаьккхинера. Хьан безам а, йовхо а дуьненан мел даккхийчу диканех а хуьйцур бацара ас цкъа а. Со тешна йу ас вайн жимачу кIентан дахар лардарна Дала суна йал луш, вай йалсаманехь цхьаьнатухур хиларах. Эхартахь боккъалла а безначарца хир ду ма аьлла вай Дала. Со тешна йу ахь вайн кIантах хьуо санна къонаха кхиор ву аьлла. Ледар ма виталахь иза…»
Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:
– Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?
– Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?
Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.
– Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?
– Дика ду. – Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.
– Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?
– Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета. Кху йалхийтта шеран йохаллехь Кантас шен безам, шен комаьршалла ца кхоош, лелийна со, бовзийтина суна нохчаллин лехамаш, кхиийна соьхь Даймахке безам. Цо даима а олуш дара соьга, мацца вахана а, Даймахка цIа ваха веза.
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: