ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
- Название:Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005672346
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том краткое содержание
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Горбачевс схьайиллинчу демократис самабаьккхинера церан къоман кхетам, ткъа хIинца кху халонашца иза кхин а чIогIа марсабаьллера.
Центральни Iедална шаьш дуьхьал хилар дуьххьара нохчаша гайтира Гуьмсахь биохомически завод йан йолор ю аьлла хаам беъча. Инженер Ижбулатов Руслан коьртехь а волуш, талламхойн тобано дIайахьанчу кхеташонашкахь гучуделира цу заводехь бийр болу болх адамашна а, гонахара Iаламна а кхераме хирг хилар.
[27] Ши шо хьалха, 1986-чу шеран 26-чохь Чернобылехь хиллачу бохамо Iадийнера йерриге а юкъаралла, цуьнан баланан аз ца хезаш ца диссира СССР-ан цхьаьна а маьIIехь. ХIетахь дуьйна, Советан Iедало лагIбира гонахара Iалам лардархошна тIехь шаьш латтийна болу тергам, цу хаттаран хьокъехь шаьш къинхетам боцуш ца хетийта. Цундела, ларамза дац уггаре а хьалхара коммунизмана дуьхьал болу гIаттамаш Iалам лардаран цIарца дIахьош хилла хилар.
.
ХIутоссург беттан 22-чохь гIаттамхоша Iедало магийна боцу болам кхоьллира, иза Iедало ца магийнера, хIунда аьлча болам коммунистически партица богIуш кхоьллина бацара. Цара сацам бира шолгIачу дийнахь шуьйра гулам вовшахтоха.
Цуьнан жамI хилира гIалин эзарнаш бахархоша дакъа а лоцуш йоккха митинг.
КПСС цхьаболу декъашхой цу гIаттамна шаьш дуьхьал хилар гойтуш, сцени тIе бевлира, къамел дан дагахь, амма бахархоша шок йетташ, маьхьарий детташ, аьтто ца белира царна, цундела церан дIабаха дийзира.
Цу дийнахь дуьйна, нийсса беа баттахь, хIора а кIиранан дийнахь эзарнаш адамаш вовшахкхетар Соьлжа-ГIалара Ленинан цIарах йолчу майданехь, биохомически завод йар сацаде бохучу кхайкхамца.
Оцу ханна йукъахь боламо шен тIеIаткъам бира йерриге а Нохчийчоьнна. Гуламаш хилира Устрада-ГIалахь, Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь, Шелахь. Адамийн тобанашна йукъара схьакъестара хьалхара баьччанаш. Дуьххьара гучувелира хIинцале «Кавказ» цхьаьнакхетаралле юкъавахийтина волу, шозткъа шо кхаьчна волу Бисултанов Хож-Ахьмад. Цуьнан куьйгаллехь и болам политически хатIе бирзинера. Прибалтийски республикашкахь кхолладеллачу хьоло дог ира-кара хIоттийна волчу цо Нохч-ГIалгIайн Халкъан фронт кхоьллира.
Экологически гIаттам политически амал оьцуш бара: Бисултановс республикин куьйгалла бехке дира эвсаралла йоцуш хиларна а, бахархойн хьашташ тергал ца дарна а. Цуьнан коьрта лехам бара политически векалаллехь оьрсийшна а, нохчашна а йукъахь болу къастам гуттаренна а дIабаккхар.
Йуьхьанцара советан Iедало шен ламастехь ма-хиллара жоп делира цу гIуллакхна, Халкъан фронт кхоьллинаош толлуш, ткъа и ша фронт шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула бахархошна адамийн барт бохош болу ницкъ санна йовза а йовзуьйтуш.
Iедал реза ца хиларо-м фронтан декъашхойн цIе кхин а чIогIа айинера йукъараллехь, цундела дукха хан йалале Бисултановх Нохчийчоьнан уггаре а вевзаш волу баьчча хилира.
И кхачамбацар къасто а ца хиъна, правительствос кхин некъ лехира. Цо омра дира Бисултанов а, Халкъан фронтан кхин болу баьччанаш а лаьцна дIабига.
Халкъо Советан пачхьалкхана тIехь боккхуш болу толамо шен меттиг дIайелира демократически йухаметтахIоттарна: цхьаьна партийан раж хIинца лестича, массарна а лиира политически Iалам хаздийр долу тоба йа, болам кхолла.
Иштта, 1988-чу шеран чаккхенехь кхоллайелира Бусулба динан йухаметтахIоттаран Парти. Цуьнан коьрта Iалашо йара пачхьалкхан атеизмо ца магийна, хьийзина хилла йолу исламан мехалаш Нохчийчоьнан йукъаралле йухайерзор.
И парти вовшахтоьхначарна йукъахь вара къона журналист Удугов Мовлади. ХIетахь башха девзаш доцучу «Ориентир» цIе йолчу дессидентски газетан директор хилла волчу цунах кестта, йозуш йоцучу Нохчийчоьнан коьртачу турпалхойх цхьаъ хир ву.
1989-чу шарахь кхоллайелира «Нийсо» цIе йолу гIалгIайн къоман ассоциаци. Цуьнан куьйгаллехь вара вай жимма лаккхахь вийцина хилла волу Кодзоев Iийса.
Миллион бахархошка КПСС йитийтина хиллачу консенсусе цIийхьадар сацо Iалашонца йукъагIоьртира Горбачев. Цуьнан сацам хилира парти дIайаккха, къена ветеранаш керлачу администраторшца хийца а хуьйцуш.
Нохчий къам шен векалалла йоьхуш дара, ткъа иза харц а дацара: цхьа а нохчо партехь йа, цу хенахь Нохчийчоьхь хиллачу Парткоман Хьалхара секретаран а, Лаккхарчу Советан Председателан а даржехь цкъа а хилла вацара.
Хьалхара секретарь орьсий Фотеев Владимир вара, ткъа Лаккхарчу Советан Председатель вай лаккхахь вийцина хилла волу Боков Хажбикар вара.
Сацам хиллера Фотеев нохчашха схьаваьллачу хьаькамаца хийца, хIунда аьлча нохчийн а, гIалгIайн шайн-шайн векал хилийта республикин куьйгаллехь.
Кхаж белира йуьртбахаман министр хилла волчу инженер агрономан Завгаев Докун.
[28] Иза дуьненчу ваьллера 1940-чу шарахь. 1944-чу шарахь шен доьзалца а, дерриге а нохчийн къомаца а махкаха ваьккхинера. ЦIа вирзича, цунна йуьхьанцара классийн хьехархочун болх карийра, ткъа цул тIаьхьа иза колхозе дехьа велира. 197I-чу шарахь цо политически болх дIаболийра, цкъа хьалха ша схьаваьллачу Теркйистехь, ткъа йуха йуьртбахаман производствехула кхочушдаран структурийн белхало хилира цунах. Иза йуьртбахаман министран а, совхозийн Ассоциацийн а директоран даржехь вара, парткоман шолгIа секретарь хIотталц.
1989-чу шеран чилланан беттан 7-чохь КПСС Областной комитета хин йолу ротаци тидаме а оьцуш, баккхий политически хийцамашка болу сатийсам бовзуьйтуш, дIахьедар дира.
[29] «Грозненски рабочий» газетас йаздора: «Керла политически атмосферас а, демократизацига йаьккхинчу гIулча а, йукъараллин ойла цIинйаро а вайна аьтто белла XX-чу бIешеран йуьххьехь а, I930-чу а, I940-чу а шерашкахь мел лелийначу къизаллех а ма-дарра бакъдерг дийца. Бехк боцуш нохчий а, гIалгIай а, кхин долу къаьмнаш а махках дахар хIора а советски стаган лазам бу, хIунда аьлча вайн махкахь хала ду и киртиг тIе хIоьттина ца хилла доьзал каро». ЦК КПСС пленума сацам бира чилланан беттан I7-I8-чохь гIаланашкахь а, йарташкахь а Сталина махках даьхна къаьмнаш дагалоцуш дешаран семинараш вовшахтоха.
Шовзткъе пхеа шарна юкъахь дуьххьара нохчийн аьтто белира шаьш лайна бала майрра дIабийца. Семинаршка эха буьйлабелира эзарнаш нах, ткъа халкъан а, Республикин куьйгаллин а барт йухаметтахIоттийна хеталора Сталина лелийна къизалла Iорайаьккхаро.
1989-чу шеран мангалан баттахь Завгаев партин хьалхара секретарь хIоттийнера. И гIулч, хетарехь чIогIа кхиам болуш а йара, хIунда аьлча нохчаша хазахетарца тIелецира КПСС дарже шайн махкахо хIоттар. И хилам цара шайн исторехь маьIне лорура.
Хеталора, итта шерашца махках даьккхина, хьизийна долчу нохчийн къоман эххар а аьтто баьлла шен кхоллам ша сатийсиначу маьрша хорше дерзо.
II КОРТА

Завгаевгара Дудаеве кхаччалц
Интервал:
Закладка: