ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Тут можно читать онлайн ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Прочая документальная литература. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том краткое содержание

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - описание и краткое содержание, автор ИсмаIал Акаев, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц.Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур.Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза.Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ИсмаIал Акаев
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Амма карарчу хенахь дийцаре деш дерг Советски Союзана юкъара арадовлар дацара, шен суверенитет кхайкхиначу кхечу респуликах къастар дара. 1990-чу шеран товбецан 20-чохь Къилба ХIирис а кхайкхира шен суверенитет, йозуш ца хиларан декларацина зорба а тухуш.

Горбачевс вист ца хуьлуш тIелаьцна Эстонис чухецначу механизма советски республикаш аьтта, царех кегий этнически пачхьалкхаш кхоьллинера. Югослави йоьхначул тIаьхьа цу процессах балканизаци эр ду. Балканашкахь иза ма-хиллара, Гамсахурдиа Звиада куьйгалла деш хиллачу Гуьржи мехкан правительствос гIаттамаш совцо эскар дIахьажийра. ГIуранан беттан 11-чохь Гуьржийн къоман гвардис Къилба ХIире дIалецира, цигахь муьлхха а дIасалеларна новкъарло а йеш.

[32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам – иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.

Нохчийчуьра хьал

Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш кхоллайаларе далийра. Йуьхьанцара гонахара Iалам лардарна тIехьажийна хилла боламаш тIаьхьа къоман амале бирзира.

Маьрша ойланаш партехь ца хилийта, Горбачев цуьнан куьйгалла къонда гIоьртира, меттигера баьччанаш махках бахарна тIе а товш. Нохчийчоьхь кхаж белира йуьртбахаман министр лаьттинчу Завгаев Докун. Иза Iедална муьтIахь гIуллакхо вара. Теркйистера Бено-Юьртара схьаваьлла а вара, ткъа иза хууш ма-хиллара даима оьрсийшкахьа ойла йолуш хилла меттиг йу.

Иза башха чIогIа дош лелаш ца хиллехь а, амма нохчо хилар а тоьар дара, меттигера бахархойн цуьнца ларам хилийта. Завгаев Доку партийна дукха хIуманна декхарийлахь вара. КПСС бахьана долуш, цо колхозера пхьарера республикин коьртачарех цхьаъ йолчу министерствон куьйгалхочун дарже кхаччалц некъ бира.

Иза вуно дика вогIуш вара, нохчий жимма а совцо.

Амма цуьнга а ца хоттуш, иза цу дарже хIоттор къоман кхетам буьрса баккхаран бахьана хилира.

Керла баьччано халкъан лехамаш ма-барра бовзуьйтур хиларах тешна болчу интеллектуалаша уггаре а хьалха дIаболийра болх, Нохч-ГIалгIайн интеллигенцин Ассоциаци а кхуллуш. 1990-чу шеран чилланан беттан 23-чохь, Ардахар дагалоцуш, цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира цара. Завгаев кхайкхинера шуьйрачу хаамийн гIирсашка вистхила.

Цо шен къамел дIадолийра Сталина латтийначу къизаллина йемал дарца. Ткъа иза хууш ма-хиллара, хIинцалц магийна дацара ала.

– Вай тахана кхузахь гулделла, бехк боцуш къам махках доккхучу хенахь кхелхинарш дагалаца. Тахана вайна хаьа социализм хIуттучу муьрехь, Сталин бехке вара шен къизаллина, цо ларам ца бинера къаьмнийн политикехь хиллачу Ленинан мехаллийн. И бахьана долуш, дийнна къаьмнаш йамартхойн сийсаза цIе а кхуллуш, гуттаренна а шайн Даймахках, маттах, кхерчах дехира – дIахьедира Завгаевс.

Завгаевн Iалашо адамийн дегнаш карзах а ца дохуш, церан маьрша ойланаш партийн хорше йерзор йара. И бахьана долуш, социализман зуламашна йемал диначул тIаьхьа, цуьнан къамел цу социализман гуманитарни мехаллашка дирзира:

– Вайна уггаре а доьхна деана хиллачу кху дийнахь, вай ойланца массо а цу Сийна Сибрех ду, Казахстанан пана аренашкахь ду. Вай доггах баркалла боху вайца и бала лайна, и бала бекъна хиллачу эзарнаш оьрсийшна, казахашна, украинцашна, гIиргIазошна, узбекашна. Цу ирча а, къиза а хиллачу заманахь вайн иэсехь сирла мIаьргонаш а йиссина, ткъа уьш йоьзна йу вайна йовхо а, шайгара гIо а кховдийна хиллачу тайп-тайпана къомара нахаца. Иза а вайн историн цхьа дакъа ду – билгалдаьккхира цо.

Эххар а, уггаре а тIаьхьара хиламех дерг олуш, къаьсстина къоман гайтамашах лаьцна, цо шен къамелехь кхайкхам бира массаьрга а экстремизм тIе ца лацаре:

– ТIаьхьарчу хиламаша вайна гойту, мел доккхачу зуламе боьрзу къаьмнашна йукъара цабезам. Тахана вайна хи санна шера гуш ду Перестройкан кхиам вайх, вайн бартах боьзна хилар. Вайна ца оьшу къаьмнашна йукъара цабезам, вайна ца оьшу сепаратизм, вайна ца оьшу тайп-тайпанчу къаьмнаш йукъахь цатешам а, зулам а даржор долу ницкъаш.

ХIинца коьртаниг ду болх бар, экономика кхиор, экстремизме Iеха ца бойтуш, хьанал къа хьегар. Иза ду хIора а вахархочун сийлахь декхара – элира Завгаевс.

Цуьнан къамелана дукха адам реза хилира. Хетарехь, Завгаевна хаьара йукъараллин ойланна тIеIаткъам муха бан беза. Оцу кепара цунна йуххехь хIинцале гуллуш гуо бара.

Амма Завгаевс дина и чулацаме къамел ма-дарра аьлча Iедалехь висса Iалашонца дина дара. ЦК КПСС Хьалхарчу Секретаран къамел хиллачул тIаьхьа, Сталина дина зуламаш шуьйра дийцаре дан долийра.

[33] 1 990-чу шеран мангалан баттахь историкан Бугай Николайн «Нохчий а, гIалгIай а махках бахар» цIе йолуш йоккха статьйа зорбане йаьллера. Исторически тоьшаллашца цо цец йаьккхинера йерриге а йукъаралла. Историка довзийтира хIинцалц зорбане девлла ца хилла кехаташ, Сталина а, Берийас а вовшашка дина къамелаш а. Иштта тидаме далийнера Сталин пачхьалкхан куьйгаллехь волчу хенахь 30-50-гIа шерашкахь къаьмнашна тIехь латтийна къизалла.

Йазйанза йолу историн агIонаш йийца аьтто а беш, Завгаевс профессораш а, Iилманчаш а, академикаш а ул-улохь латтабора, цо церан тIекхуьу чкъурана мел оьшу хьелаш кхуллура, ткъа къона чкъор партийна оьшуш дара, тIейогIучу демократизацин дарце ша дIа ца хьакхийта.

Цуьнан политически проектан коьрта Iалашо ма-дарра аьлча зен-зулам доцуш, социалистически системан халонах чекх а ваьлла, дуккха а ханна куьйгаллехь виссар йара.

Хьалхара кхачамбацар дукха сиха гучуделира. Вай хьалха аьлла ма-хиллара вайнехан цивилизацин тIаьхье нохчий хилла ца Iаш, церан вежарий гIалгIай а бу. ГIалгIайн къоман терахь 200 000 стаг бен дац, ткъа церан латтанаш Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийн республикина а йуккъахь ду.

Уьш а нохчий санна махках баьхна хилла а бу, цIа бирзича иштта халонашна тIеIиттабелла а бу, амма цхьа башхалла йолуш: Москвас гIалгIай шайн дерриге а латтанийн дай хила ца битира. ГIалгIайчоьнан къилба-малхбузен хьаьрмара жима кIошт Къилбаседа ХIирийн республикин дIайеллера, хIунда аьлча гIалгIай махкаха баьхначу хенахь цу хьаьрмахь кхоьллинера ХIирийчоьнан коьрта шахьар Буро-ГIала. Къаьмнийн йукъара барт ца бохийта правительствон сацам хилира Пригородни олу кIошт гIалгIайшна дIа ца йала.

ХIинца дешан маршо йаьллачу муьрехь гIалгIайша а кхойкхура и исторически гIалат нисдаре.

Завгаевс нохчашка национализмах ларло бохучу муьрехь, Кодзоевс дийнна урамаш дара гIиттош гIалгIайн къоман кхетам самабаккха Iалашонца.

Цо дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн АССР-ана ГIалгIайчоь йукъайогIуш йоллушшехь, амма ГIалгIайчоь даима а экономически а, социальни кхиарна йуьстах лаьттина йу, цуьнан лан дезна дукхох долу инвестицийн дакъа Соьлжа-ГIалахь хилар а, цунах болу пайда дукха хьолахь оьрсийшна а, нохчашна а хуьлуш хилар а.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ИсмаIал Акаев читать все книги автора по порядку

ИсмаIал Акаев - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том отзывы


Отзывы читателей о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, автор: ИсмаIал Акаев. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x