ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
- Название:Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005672346
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том краткое содержание
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
иштта политически Iалашонаш а – ма-дарра аьлча нохчийн къоман цхьалла а, иштта суверенни Нохчийн Республика кхолларан ойла кхочуш йан а гIо дийр долу гIирсаш кхоллар.
[41] Йерриге а деклараци йеша мегар ду www.ichkeria.net сайта тIехь.
Вовшахтохаран комитетан Iалашонийн деклараци цхьаьна агIор программни кехат лара мегар дара.
Суверенни республика кхолла ойла чIагIйелира Комитетан радикальни а, кхин болчу а массо а декъашхойн кхетамехь. Конгрессан цхьаьна а вовшахтохархочо мах ца хадийра карарчу хенахь Россех политически дозуш хиларан хьал.
Уггаре а хьалха цо социальни а, культурни а, политически а къастар гойтура. Цуьнан коьрта жамI дара нохчий уггаре а къен а, дешна боцуш а, уггаре а мокъаза а бара. Автономни республикас нохчийн культура буьззинчу барамехь кхиарна новкъарло йора, цо исторически харцо тIейожайора. Цу дерригено а новкъарло йора нохчашна шайн Iадатаца а, динаца а йогIуш йолчу пачхьалкхан кеп кхолла. Амма карарчу хенахь церан аьтто бацара шайн маттахь къамел дан а, йа цуьнан ерриге а фонетика буьззинчу барамехь йовзуьйтуш, шайн алфавит лело а.
[42] Сталин Iедале вале шуьйра дуьйцуш дара нохчийн фонетикин нийса транскрипцина оьшу алфавитан хьокъехь дерг. Цундела хьашт хилира латински алфавит кхолла, иза кириллицал мелла а атта а, нохчийн артикулированни грамматикаца а йогIуш йара.
Сталин Iедале а веана, цо къаьмнаш махкаха даха долийча, I944-чу шарахь кириллица Нохчийчуьра пачхьалкхан алфавит лерира, кхин йолчу республикашкахь санна. И кхачамбацар къаьсттина чIогIа хаалуш дара Нохчийчоьхь, хIунда аьлча кириллицас нохчийн дукхох йолчу фонемашна эвсаралла йолуш транслитераци йан новкъарло йора.
Цундела Комитетан программе хьаьжжина радикалаш а, гIехь хьежамаш а берш а, массо а цхьаъ санна реза хилира.
[43] Вай хьалха ма-аллара, Горбачевн перестройкан коьрта Iалашо йара СССР-ах маьрша а, суверенни а республикех лаьтта керла конфедеративни сойуз кхоллар йара. Иза хIора а йозуш йоцучу а, автономни а республикас куьйг йаздинчу федеральни барта тIечIагIдина хила дезаш дара.
И гIуллакх шуьйра дийцаре деш дара, хIунда аьлча нагахь санна цхьа республика а куьйг йазда реза ца хилахь, и ерриге а бIов йухуш йара.
ТIаьхьа вайна гур ду хIетахь цу бартана куьйг йазда Нохчийчоь реза ца хилар, Нохчийн хьалхара тIом болабаларан бахьана хуьлуш. Список йовза мегар ду сайта тIера «Нохчийн къоман конгресс» декъехь.
Коьрта хаттар Нохчийчоь суверенни республика хила йезий дацара, цо цу суверенитетах муха пайда эца беза дара. ГIехь хьежамаш болчарна иза дика аьтто бара Нохчийчоьне Россица нийсса бакъо йолу керла федеративни пакт хIотто.
Ткъа радикалашна суверенитет дика таро йар республика йозуш ца хилар кхайкхо а, кхин йолчу республикашца нийсса Кавказан конфедераци кхолла а, гуттаренна Россин олаллах Нохчийчоь маьрша йакха а.
Конгресс
Вовшахтохаран комитетан болх кхехкаш бара. Гуламехь дакъа лецира 1000 делегата: царех 839 нохчаша кIошташкара хаьржина вара. Царна тIекхийтира дозанел дехьара диаспоран 55 векал. Политикин а, Iилманан а цIейаххана болу гIуллакхой ца биссира цу хиламна йуьстах.
Программа йерзо оьшург уггаре а кIезиг кхо де дара.
И тайпа доккха цхьаьнакхетарна ахчанца кхачо йан а, йуург латто а, хьеший дIатарбан а атта дацара.
Цу гIуллакхна йоккха харж оьшура, цундела Вовшахтохаран комитет финансисташ лаха йолайелира. Цара хьегна къа эрна а ца диссира: бахархоша а, тайп-тайпана хьукматаша а, кхечу пачьалкхашкара диаспораша а гIо дар бахьана долуш, Комитетан аьтто белира оьшуш хиллачул шозза алсам ахча гулда.
Массо а реза хуьлуш, сацам бинера нохчийн культура юхаметтахIотторан Фонд кхолла. Цу фонде дIахьажор долуш дара совдаьлла долу ахча. Фондан президент хIотиийнера къона йаздархо Ахмадов Муса.
И организаци вовшах а тоьхна, гулам дIабахьа аьтто баьлча, Вовшахтохаран комитета дIадолийра Конгрессан кхочушдаран органийн структура кхоллар, ма-дарра аьлча хIинца оьшуш йара Конгрессан политически программин чулацам кечбеш, и программа Лаккхарчу Совета кхочуш йар тергал дийр долу подразделениш.
Оцу кепара, Конгрессан Кхочушдаран комитет цуьнан правительство а, координационни центр а лара мегар дара.
Цу белхан терго Президента йийр йу, ткъа цуьнан метта шина вице-президента. Конгрессан куьйгалхой ассамблейа схьайиллинчу дийнахь дуьйна болх бан йолалур йолчу Кхочушдаран комитета хIиттор бу.
1990-чу шеран товбецан баттахь ша дерриге а кийча дара. Амма цхьаъ дара Вовшахтохаран комитетан сагатдийриг: Конгрессехь хила безаш болу лулара гIалгIай.
Ма-дарра аьлча, уьш нохчий бац, уьш нохчашца цхьаьна этнолингвистически доьзалера бу, ткъа и ши къам культурни декъехь вуно тера хиларна, цу шинна юкъахь къастам дIабаха хала дара.
Шина а къомера дукхох болу нах реза бара нохч-гIалгIайн пачхьалкхан цхьалла ларъйан, ткъа нагахь санна политически кхиар, хетарехь кхечу агIоне доьдуш делахь а, Вовшахтохаран комитетан дукхох болу декъашхой къаьмнаш къастийта лууш бацара.
ГIалгIай шайн рогIехь махкаха даьхначу къаьмнашна реабилитацийа йаран Закон къуьссуш бара хIинца а. Уьш тешара, цо шайна Пригородни кIошт йухайерзор хиларах.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «ЛитРес».
Прочитайте эту книгу целиком, на ЛитРес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
Интервал:
Закладка: