ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Тут можно читать онлайн ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Прочая документальная литература. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том краткое содержание

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - описание и краткое содержание, автор ИсмаIал Акаев, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц.Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур.Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза.Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ИсмаIал Акаев
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Советски Союзан бакъ долу герз хилира Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах, хIунда аьлча хIаваэхула а, лаьттахула а дIасалелаш мел йолу тIеман техника Соьлжа-ГIаларан мехкдаьттанна тIехь болх беш йара.

Немцойн эскар Нохч-ГIалгIайчоьнан генарчу малхбузера Малгобек гIала кхечира. Исраиловс къоме кхайкхам бира, тIебогIу мостагIий, комаьрша тIеэца аьлла, нагахь санна цара Кавказан къаьмнийн маршо къобалйийр йелахь.

Шайн рогIехь немцойшна лаьара гIаттамхойн гIо лаца, советан Iедалан къиссам мелла а лагIбархьама

[10].Шамиль цIе йолу операци 1942-чу шеран хьаттан баттахь дуьйна, товбецан бутт кхаччалц кхочуш еш яра, цуьнан коьрта Iалашо яра диверсантийн тобанаш фронтел дехьа кхисса, ЦIечу эскара ша Нохчийчуьра арадолуш хилахь леррина хIаллак йийр йолу мехкдаьттанан инфраструктура ларъян Iалашонца.

1942-чу шеран аьхка 57 стагах лаьтта пхи тоба парашюташца хIаваэхула фронтал дехьа кхоьссинера. Царех цхьаберш Исраиловн гIаттамхошца юкъаметтигаш нисъян буьйлабелира, ткъа кхин болчара мехкдаьтта доккху заводаш дIалецира.

Исраиловн обаргашца зIене бевллера немцой, иза а реза волчух тера дара керлачу окупанташца уьйр латто, Советски Союзана дуьхьал цара бечу тIамехь шен нахаца царна кхачо а йеш, нагахь санна цара цуьнан къомана маршо лур йелахь.

Амма фашисташна дуьхьал нохчаша латточу къиссамца дустича, Исраиловс лелош дерг бух болуш хIума дацара. Шеко йоцуш, Исраиловх а, цо арабаьккхинчу некъах а кхета мегар ду – цунна а, цуьнан накъосташна а шайн дайшна санна лаьара нохчийн латта мостагIех маьрша даккха, амма хIете а билгалдаккха деза, нохчаша ца ийцира фашисташкара маршо.

Тайп-тайпана исторически хаамашца, Нохч-ГIалгIайчуьра 50 эзар стаг тIеман фронтехь хилла. ШолгIачу дуьненан тIеман исторехь цкъа а гина дац нохчийн йа, гIалгIайн бIаьхо йамарт хилла, ткъа царна луларчу республикин векалша гойтуш дерг-м кхин сурт дара. «Бергман» (немцойн маттера гочдича «ламанхо») цIе а йолуш Вермахтан Къилбаседа Кавказан легион кхоьллинера.

Цу легионехь немцойн агIонехь шайн тIеман декхара дIакхоьхьуш бара гуьржий а, гIебартой а, хIирий а, суьйлий а.

Билгалдаккха деза Дагестанан векалша башха къеггина гайтина шаьш Вермахтана муьтIахь хилар. Немцой дагахь бара Кавказехь шайн эмиссар жIайхо Сайднуров Сайд-Мохьмад хIотто. Немцойша цунна йеолха керла цIе йара – Губе Осман.

Немцойн десантаца цхьаьна иза воссийнера Нохч-ГIалгIайн лаьмнашка, меттигера бахархойн ойла хуьйцуш, уьш немцошкахьа баха, амма Вермахтан аьтто ца белира и Iалашо кхочуш йан, хIунда аьлча тобанна Нохч-ГIалгIайн лаьмнашкахь кIело йира, ткъа Осман Губенна Соьлжа-ГIалин майданехь тоьпаш туьйхира.

Советан Iедал шайца мел къиза хиллехь а, нохчаша шайн ницкъ кхочург дира Даймехкан Сийлахь Боккхачу тIамехь Советски Союзе толам баккхийта.

Вай хьалха билгал ма даккхара, Соьлжа-ГIала Гитлеран стратегически Iалашо йара. 1942-чу шеран аьхка немцойн эскар тIамца Къилбаседа Кавказе кхаьчначу хенахь, Соьлжа-ГIалах фронтана уллера гIала хилира.

МостагIа гIала чу ца ваийта меттигера бахархоша шайн ницкъ кхочург дира. 40 итт эзар стаг араваьллера гIала йистошкахь тIеман дуьхьал оьрнаш дохуш, кхин болу кечам беш.

МостагIа гIала чу ца веара, амма Гитлеран сацам хилира шега ца йаьккхайелла гIала хIаваэхула хIаллак йан.

Цу Iалашонца ара йаьккхинера «Гинденбург» цIе йолу бомбардировочни 1-ра эскадра а, «Викинг» цIе йолу 100-гIа бомбардировчни эскадра а, «Веспе» цIе йолу йозаллин кеманийн 1-ра эскадра а, 52-гIа истребительни эскадра а.

Тайп-тайпана хаамашца, 1942-чу шеран эсаран баттахь 156 немцойн кемано Соьлжа-ГIалина тIе охьакхоьссинера 400 фугасни бомба. Сийна цIе йаьлла йогура гIала. Иза йаьгна дIайалийта Iалашо а йара Вермахта йуьхьарлаьцнарг. Къаьсттина цу муьрехь шайн граждански доьналла гайтира меттигера цIейайархоша. Шайн синош ца кхоош арабевллера уьш гIала йаьгна дIа ца йалийта. Иза ларйан церан аьтто а белира. Цара гайтинчу доьналлин сийнна карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь лаьтташ хIоллам бу.

Нохч-ГIалгIайчоьнан векалша фашизмаца болчу къиссамехь шайн йист йоцу майралла, доьналла, къонахалла гайтира. Дуьнена шолгIачу тIеман уггаре а къизачу къиссамашкахь йитина цара шайн дашо лар. Церан къиссам бахьана долуш къаьсттина Кавказехь йухатоьхна фашистийн бIо.

1943-чу шеран чилланан баттахь, Сталинградехь эшам хилалчул тIаьхьа, Вермахт кавказера дIайахара. Амма Сталина нохчашна а, гIалгIайшна ала кечдина баркалла кхин маьIна долуш хиллера.

1943-чу шеран чакхенехь Нохч-ГIалгIайчоьнах фронтан тыл хилла, йуха а толаме кхача цо шен ницкъ кхочург мел дечу хенахь, Сталина шен чоьхьарчу гIуллакхийн министре Берия Лаврентийга омра дира СССР-ан дахарехь уггаре а хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь мехала дакъа ца лаьцначу, цу синтем байначу къомаца дерг гуттаренна а къасто.

[11] Сталинан боьхачу ойлано шен тидаме ца оьцура ЦIечу эскаран могIарехь нохчаша гайтина доьналла. Вай хьалха билгал ма даккхара, нохчаша цу тIамехь кхин долчу кегийчу къаьмнашца дустича, уггаре а къеггина лар йитина. Цара доьналлица ларйина Брест гIап, Курск, Ленинград, Сталинград. Нохчо хилла берхIиттара бен валанза волу къона пулеметчик Нурадилов Ханпаша цо шен куьйга х1аллак вина 920 фашист. Иштта, нохчий хилла Эльба хи йистехь барт бина волу эпсар Висаитов Мовлид, Рейхстаган херцарш тIехь цIен байракх айбина волу Исмаилов Хьаким. ТIеман муьрехь эзар нохчо пачхьалкхан совгIатаца билгалвоккхур ву.

Амма мехала дакъа ца лаьцна бохург иза боьха харцо йара, ткъа иштта дика идеологически гIулч а йара Ермоловс болийна некъ чекхбаккха, ткъа дуьненна-м бала бацара цигахь хуьлучунан.

Берияс Сталинан омра йист йоцучу къизаллица кхочуш дира, Соьлжа-ГIала НКВД агентийн тоба дIа а кхачийна. Цо шен нахана омра дира нохчаша а, гIалгIайша а гайтина «йамартлонан» тоьшаллаш гулде аьлла. Халкъан комиссараша диначу жамIехь билгалдоккхуш дара ткъе берхIитта динан секта а хилла, цу йукъа вогIуш Советан Iедал дохо Iалашо йолу ткъех эзар гергга стаг а хилла аьлла.

Сталинан къинхетам боцучу чалтача хIинцале буьззину барамехь гайтинера шен къизалла, цкъа ша схьаваьллачу Закавказьехь, ткъа йуха Польшехь, Балтийан мехкашкахь. И меттигаш цо цIанйинера интеллигенцих а, буржуазих а. ГIебартойн-Балкхарехь а, Кхарачойн-Чергизахь а шен тIеман машен зийначул тIаьхьа, цо сацам бира Iаьнан чаккхенехь нохчашца а, гIалгIайшца а дерг къасто.

1943-чу шеран гIуранан баттахь дуьйна 1944-чу шеран кхолламан бутт кхаччалц саьлтий а, НКВД белхалой а Нохч-ГIалгIайчу кхачийнера йалта гулда кечам беш болчухула.

Машенаш а, цIерпошташ а хIинцале кечйинера тIеман складашкахь а, аьчка некъийн станцияшкахь а. Ткъа оцу хенахь саьлтий берриге а махкахь гарнизонаш кхуллуш бара.

Чилланан беттан 22-23-чу буса дIайолайелира оьрсийша «Чечевица» аьлла йолу операци, ткъа нохчийн исторехь иза «Ардахар» цIарца йевза.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ИсмаIал Акаев читать все книги автора по порядку

ИсмаIал Акаев - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том отзывы


Отзывы читателей о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, автор: ИсмаIал Акаев. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x