ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Тут можно читать онлайн ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Прочая документальная литература. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ИсмаIал Акаев - Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том краткое содержание

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - описание и краткое содержание, автор ИсмаIал Акаев, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц.Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур.Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза.Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ИсмаIал Акаев
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Цхьаьна дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а. Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.

Республикин къилбахь ло хIинца а дашанза долуш, ламанца дIасалела чIогIа хала дара, амма коммунисташа-м хIумма а хало йоцуш, охьалаьхкира адамаш.

Баккхий нах, бераш, зударий, заIаьп нах меттигехь тоьпаш тоьхна бойуш бара.

[12] Нохчийн къоман исторехь цкъа а йоьрзур йоцу чов ю Хьайбахехь НКВД-с гайтина къизалла. ГаланчIожан лаьмнашкахь Iуьллучу цу жима юьртара адам охьадаккха хала дара, амма Бериян омра кхочуш ца дан йиш яцара, цундела шен хьаькамна муьтIахь хилар гойтуш, НКВД эпсара, полковник Гвешианис омра дира 700 стаг божалчохь цIе тессина ваго.

Ткъа дийна цIерпошташна тIекхаьчна болчара дIаболийра кха кIиранна бахбелла шайн Iожаллин некъ.

Даьхний санна бен доцуш, цIерпошташна чу а боьттина дIабуьгуш бара уьш кхо эзар чаккхарма некъ бан, Казахстанан ло хьаькхначу, шийлачу аренашка кхаччалц.

20% гергга адам новкъахь деллера. Ткъа дийна биссинарш дIакхаьчначул тIаьхьа, колхозан йистошка охьакиссинера. Цу шийлачу Iай царна тIедожийра шайн куьйга шайна чохь Iан лаппагIанаш йе аьлла. Советан Правительствон омранца хIора баттахь уьш декхарийлахь бара Iедална шайх лаьцна хаам бан, нагахь санна и хаам ца бахь цаьрга ткъа шарна хьоьжуш набахте йара.

Нохч-ГIалгIайчоьнах хIумма а ца йиссира. Ишта цIе йолуш дуьненан политически карти тIехь меттиг а йацара. Республика дIа а йаьккхина, цуьнан метта Грозненски область кхоьллинера, ткъа цуьнан кIошташ Кавказера кхин йолчу республикашна йукъахь дIасайекънера. Нохчийн йерриге а культурин а, историн мехала тIаьхьало хIаллак йина дIайаьккхинера: маьждигаш а, хьуьжарш дохийнера, ткъа церан тIулгех кхин йолу гIишлош йуттура. Хьакхарчийн ферманашкахь некъаш дехкинера нохчийн кешнийн кертара чартех.

Къоман истори йуьйцуш, къаноша йаздина а, лардина а хилла тептарш йа дагийнера йа, Москван архивашкахь къайладаьхнера.

Шен къомах йаьлла, буобер санна йиссина Нохч-ГIалгIайчоь сихонца дIайузош йара Кавказера республикийн векалшца. ТIом хиллачу регионашкара нах схьа а балийна, баха ховшийнера кхузахь. Цхьа бIарлагIа санна йиссинера шен къомах йасаелла Соьлжа-ГIала.

Цхьа жимма обаргаш биссинера ламанца. Iедалах лечкъаш бехара уьш цигахь, шайн ка йаьлча, Iедална кIело а йеш.

1944-чу шеран гIуранан беттан 24 -чохь Исраилов а вийнера.

Ткъа нохчийн къам цхьалха диссира Казахстанан пана аренашкахь. Сталин валлалц, нийсса кхойтта шарахь зийра уьш замано нехан махкахь, шело а, мацалла а, къизалла а ловш.

Къаьсттина хала дара вайнахана мацалла лан. Адам хи санна леш дара, шело, мацалла, тиф лазар ца ловш. 1944-чу шарера 1947 шо кхаччалц бIе шовзткъе итт эзар стаг веллера.

Дийна биссинарш цхьаьна шийлачу лаппагIанашна чохь Iаш бара, пхийтта доьзал цхьаьна. Балха уьш ца оьцура, тIедогIуш рицкъа царна дацара. Аренаш толлуш лелара уьш, къен йелла а бежана карор йацара те бохуш, акха бецаш лехьош, мацалла ца бала гIерташ.

Колхозе балха хIотта аьтто баьлларг-м сатесна хуьлура мацалла ца вала

[13] Яа хIума ца хиларал совнаха, бедарш а яцара нехан. 1945-чу шеран кхолламан баттахь халкъан комиссарийн Гуламан Куьйгалхочун гIоьнчас шен жамIан кехатехь яздинера: тIедуха а, кога духа а дац. Церан бераш дерзина ду, цомгуш хилар бахьана долуш, адам даларан гайтамаш де дийне мел долу лаккха болуш бу. Могуш болчу дуккха а кегий нехан аьтто бац юьртбахамехь къахьега тIеюха бедар ца хиларна.

Ткъа Iедало биначу лерина сацамехь аьлла дара махкаха даьккхина къам, шен Даймахка цкъа а йухадерза бакъо йолуш дац.

Нохчашна тIедожийра цхьаъ цхьанна тIаьхьа и тайпа омарнашна бухахь куьйг йаздан.

Ардахар

Шайн кхерчах а, махках а бевлла нохчий са мел ду тийссалора шайн Iадатах, шайн ламастех, шайн берриге а кхетам а, Iер-дахаран кеп а къаношна тешош, хIунда аьлча кхолладеллачу хьолехь уьш бен бацара къоман иэс ларда ницкъ кхочуш.

ТIаьхьарчу тIаьхьене нохчаша кховдош долу шайн Iадат а, уьш цу Iадатана а, бусулба динна а муьтIахь хилар бахьана долуш, аьтто белира нохчийн шайн къоман башхалла а, кхетам а ларба а.

Амма Советан Iедало шен ницкъ мел кхочург дора нохчийн йукъаралла кхин долчу къаьмнех къаьсташ ца хилийта, цуьнан къоман кхетам орамца дIабаккха. Цу Iалашонца кхуллуш йара идеологически кхетош-кхиоран ишколаш. Цул совнаха КГБ жигара йукъа гIертара бусулба динна, амма нохчийн къоман синхаам лахбаларал совнаха, мелхо а марсабаьллера.

Цара шайн къиссам латтабора Iедалца. Йазйина йоцу истори ларйа хала дара, амма цара иза ларйира, цу тIаьхьенан кредо а хилира цунах 1990-гIа шераш кхаччалц

[14] Карлотта Галл а, Томас де Валл а историкаша билгал ма даккхара къам махках даккхаран зеделлачо мелхо а къоман барт чIагIбира. Арахь даьккхинчу цу кхойтта шаро шайн къоман ламасташна тIера хилийтира нохчий.

Махках даьккхиначу бIе эзар адамна йукъахь дара Жовхар цIе йолу бер. Иза винера 1944-чу шеран чилланан беттан 15-чохь, нохчийн къам махках даккха исс де хьалха.

Иза даьхнийн лоьран Дудаев Мусайн а, цуьнан шолгIачу зудчун РабиIатан а кхойтталгIа бер дара. Цуьнан бералла чолхе дара. Иза жима воллушшехь кхетара шен къоман цхьаьна а хIуманна тIехь нехан санна бакъо йоций.

Боккха доьзал а буьтуш да велча, цуьнан нанна бакъо йелира Казахстанан къилбера Шымкент олучу гIала дIайаха. Цигахь шийла а йацара, белхалой а оьшура. Шен да санна дешарна тIера волчу Жовхара, кхиамца чекхйаьккхира йуьхьанцара школа.

[15] Цу шерашкахь шовзткъе итт эзар берана юкъахь ялхийтта эзар беран бен деша аьтто ца хилар тидаме эцча, Жовхаран дика аьтто баьлла ала мегар ду.

Лаккхара дешарах чекхвала шен аьтто хир боций хаьара Жовхарна, цундела цо шен ницкъ кхочург дора доьзална гIо дан, ца къехкара мел хала болчу а балхах, жимма а шен ненан дахар аттача даккха.

Къаьсттина цу чолхечу муьрехь кхечира цунна Сталин велла аьлла кхаъ. Иза дара 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чохь. Нохчий махкаха баьхна исс шо кхаьчнера.

Советски Союзан керла баьчча Хрущев Никитас дIадолийра Сталинан политически ражан аьчка хIоз бастар. Исторехь цуьнан политикин мур «Оттепель» олуш бевза.

Коьрта гIулч йара Сталинан тешаме накъосташ новкъара дIабахар. Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.

ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ИсмаIал Акаев читать все книги автора по порядку

ИсмаIал Акаев - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том отзывы


Отзывы читателей о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, автор: ИсмаIал Акаев. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x