Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Тут можно читать онлайн Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Историческая проза. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута краткое содержание

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - описание и краткое содержание, автор Мурман Ратиани, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
«Горцы» – «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Мурман Ратиани
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Массо а кхетара кхолладеллачу хьолахь, цундела Александра аьллачунна дуьхьал ца хилира цхьа а.

– Маца дагахь ду шу новкъадовла? – хаьттира Мушнис.

Эла Мачутадзе Александр Цхьа мIаьрго а эрна дIайахийта йиш йац Буьйса йуккъе - фото 8

Эла Мачутадзе Александр

– Цхьа мIаьрго а эрна дIайахийта йиш йац. Буьйса йуккъе йаханчул тIаьхьа, уьш Ушгулехь хир бу. Ас новкъахь битина сайн нах церан терго йан.

Мушни сиха аравелира обарган говр кечйан. Кхин деха къамелаш ца деш, накъостий дIакъаьстира. Гуьржийн эла Мачутадзе нохчийн обарг Кутица цхьаьна Ланчхутина уллора шен дай баьхначу Нигоити йуьрта дIавахара. Минот йалале церан масачу дойн гIаларташ Iаьржачу буьйсанан боданехь дайра.

БIаьстенан буьйса екхна йара. Лаккхарчу Сванетин лаьмнашкахь мел герга дара седарчий. Хеталора куьйг кховдийча, ша байтIера зезаг санна и стиглара баккхалур бу. Ушгулира охьанехьа беш болу некъ чолхе бара. Беттасан серло йацахь-м муххале а кхераме хир дара. Ломара ши бере аренга ваьлча, царна дуьхьал баьхкинчу эланан наха хаам бира Лалхорара эскархой Ушгули йолчу агIор дIагIерташ бу аьлла. Мачутадзеца хиллачу масех свана тоба Местияна гуо баьккхина, кхечу некъахула йигира. Шаьш Сванетера дозанал арадевлча, некъан йистера цхьаьна нилха хьунна йуххехь саца а соцуш, Мачутадзес элира:

– Кута, вай хIинца Мингрелехь ду. Кхузара гена йоцуш сан доттагIа вехаш йурт йу. Иза волчохь жимма соцур ву вайшиъ.

– Со хьан хьаша ву, цундела ахь дIагIо аьллачу дIаваха кийча а ву – реза хуьлуш жоп делира Кутас.

– Со волчу Нигоити дIаваха кхин а масех де деза вайшинна. Суна хетарехь дика хир ду Сванетера вай гена ца довлахь, тIаккха атта хир ду вайна Иликонна тIекхача. Ткъа хIинца вайшиъ соцур ву ширачу Мингрелин Зугдиди олучу коьрта шахьарехь. Цигахь веха сан стунден гергара стаг эла Дадиани. Вайна мел оьшу а кхераме хIумма а доцуш хан йаккха йиш хир йу вайшинан цигахь – обарга хIун олу ладугIуш вара эла.

– Со реза ву ахь бохучуьнца. Дика хир ду вай кIантана гена ца довлахь – реза хуьлуш, корта лестабора Кутас.

Зугдидихь накъостий гIалара ши гIатт йолчу, хаза кечдинчу ши гIатт йолчу цIено чохь дIатарвира. Керт йоккха йацахь а, амма хаза а, паргIат а йара. Жимачу беша а, кертахь довлучу зезагаша а шатайпа синтем боссабора кийра. Гуш дара хIусамдай Iаламца хийра ца хилар. ШолгIачу дийнахь Кута шен накъостий болчохь а витина Мачутадзе шен гIуллакхашкахула дIавахара. Ткъа Кута-м гуьржиша тайп-тайпана кхачанаш кечбеш хIумма а вуо лелош вацара.

Цхьа кIира даьлча, эла йухавеара:

– Кута, хьо Зугдидехь а витина, тхо Сванети ма даханера. Ас цигахь ши де даьккхира. КIант вац эла волчохь. Цхьанхьа дIавигначух тера ду цо иза, хетарехь шайн тайпанера нах бехачу Кутаиси. Хьуна совгIат дан дагахь вара со, амма гIуллакх ца хили-кх сан.

Кута гIайгIане вара. Цуьнан дагахь дерг хууш цхьа Дела бен вацара.

– Баркалла хьуна, эла! Дукха качвина аш со кхузахь. Мерзаниг йууш, кIедачу метта охьавуьжуш, суо обарг хилар а дицдина аш суна, цундела дIаваха веза со Нохчийчу. Ткъа кIантана тIаьхьа со йуха а вогIур ву – хьалаиккхира обарг.

– Кута! Вай хIинца со волчу Нигоити доьлхуш ма ду. Вайга хьоьжуш ма бу цигахь. Ас хаам бан стаг ма вахийтина.

Кута башха лууш вацара ишта гена Гуьржеха дIа чу ваха, амма Александра ша хьаша а валош вогIуш ву аьлла цIерчаьрга хаам бина хилча, ца вахча ца волура иза.

Кхин хье ца луш, накъостий новкъа бевлира. Гуьржехара Гурехь Кутина кхераме хIумма а дацара. Цигахь къинхьегамхойн гIаттам болабеллера. Къинхьегамхошна ца лаьара, хьоладайн латтанаш аренде а оьцуш, царна болх бан.

Цу боламехь дакъа лецира Гурийн ах бахархоша. Полици гIаттаман куьйгалхой дIалаца гIоьртира, амма Гурийн обаргаша полицин тоба хIаллак а йина, къинхьегамхой кIелхьарабехира.

Цу къизачу латаро гуттаренна а дог даьккхинера Iедалан цу йукъа гIерта, цундела цу латтанийн терго еш йара халкъан милици.

Хьоладайшца къиссам латто дуй бууш гIевттинера къинхьегамхой. Гурийн къинхьегамхойн болам хазахетарца тIелецира обаргаша а, иштта цхьа болчу эланаша а. Цара сатуьйссура Кавказера оьрсийн Iедала беш болу ницкъ дIабаккхаре.

Къинхьегамхойн лехамаш къобалбеш вара эла Мачутадзе Александр а. Къинхьегамхошца барт бан веанера граждански декъехула сардалан гIоьнча, Николай Султан Крым-Гирей. Иза Мачутатдзе волчу а сецна, Гурийан къинхьегамхошца цхьаьнакхийтира. Гурийн мискачу наха шайн бакъонаш къуьссучу чолхечу муьрехь кхайкхинера цига хьошалгIа нохчийн обарг.

Масех де даьлча уьш цхьа а новкъахьовзам боцуш, Мачутадзен цIа кхечира. Кхузахь массо а сатесна вара хьеший ган. Йуьрта йисте уьш кхоччушшехь царна дуьхьал хьевдира, маьхьарий детташ, шортта бераш. Диллинчу даккхийчу кевнашкахула Мачутадзе эланан керта велира Кута. Бере динара вуссушшехь, адамаша гуо бира цуьнан:

– Кута, кхузахь Мачутадзе тайпанера нах бу хьуна бехаш. Кху хIусамехь хьуна цхьа а кхерам хир бац хьуна – элира элас, обарг чоьхьа а воккхуш. Гуьржишна тамашийна хетара турпалхо санна халкълахь вуьйцуш волу обарг хаьнтIахь доьхка а, шаьлта а йоцуш ган. Ца хаьара царна ши шо кхаьчна бен воцучу гуьржийн жимачу кIантехь дуй нохчийн обарга хийла нийссо къиссина хилла дато хIур биллина герз.

Уьш цунна гуо бина лаьттара.

– Сан хьомениш! – куьйг айдира элас, тийналла йоьхуш. – Вайн хьаша цхьанхьа а дIавоьдуш вац! Иза гена некъ бина чIогIа гIелвелла ву. Цо жимма садеIча, вай тIаккха шортта хан йоккхур йу цуьнца – дегайовхонца вистхилира иза шен гергарчу нахе.

Нохчийн обарган и майра а, хаза а сибат ган сатесна хиллачу нехан гуонера Кута халла мокъа ваьккхира Александра.

Арахь Iаржйеллера дикка садоьIна волу обарг элас къегина чиркхаш догучу йокххачу зал чу ваьккхича. Йоккхачу стоьла хьалха лаьттачу нажан дечигах дина, цIен баргIат тоьхначу даккхийчу гIанташкахь Iаш вара масех стаг. Царна йуккъехь, уггаре а лекхачу гIантахь хиъна Iара георгиевски жаIарш некха тIехь а долуш, кIайн чоа а доьхна цхьа къена ламанхо.

Накъостий чоьхьабевлча, стоьла хьалха Iаш болу ламанхой хьалагIевттира, ткъа къано меттах ца волуш Iаш вара, леррина обарге а хьоьжуш.

Шатайпа дара нохчочун васт – лекха, зоьртала дегI, доьхканца къевлина йоцу йуьткъа гIодайукъ, Iаьржачу тIаьрсиган лекха эткаш.

Генарчу махкара веана векал санна вара иза.

Александра Кута воккхачу стагана тIевигира, ткъа иза пилан кIайчу даьIахках бина мукъ болу шаьлтанна тIе куьйг а дуьллуш, дегI нисдеш хьалагIаьттира.

– ХIара сан деваша Николай ву, Мачутадзе тейпанан коьртехь ву хIара, уггаре а воккхаха а ву – вовзийтира иза Александра.

– Ткъа хIара нохчийн обарг, сан доттагIа Кута ву! – обарг вовзийтира Александра шен девешина.

– Довта-МартантIера Кута! – куьйг кховдийра нохчочо гуьржийн къеначу элане.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Мурман Ратиани читать все книги автора по порядку

Мурман Ратиани - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута отзывы


Отзывы читателей о книге Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, автор: Мурман Ратиани. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x