Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Тут можно читать онлайн Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Историческая проза. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута краткое содержание

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - описание и краткое содержание, автор Мурман Ратиани, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
«Горцы» – «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Мурман Ратиани
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Цуьнан куьйг дIа а ца хоьцуш, Мачутадзе леррина хьоьжура цуьнга:

– Суна чIогIа хазахета хьо гина а, вевзина а – кIеда вистхилира иза. Хьох лаьцна дукха диканиг дуьйцу Гуьржийн махкахь, цундела массарна а лаьара хьо ган. – Куьйг дIа а ца хоьцуш, шена улло охьахаийра цо обарг.

– Хьо герз карахь доцуш шайна гича, гуьржишна хьо мазгIар ву моьттира – велавелира къано. Ткъа цул тIаьхьа уллохь лаьттачу ламанхойх цхьаъ шена тIекхайкхира. Цо къеначу элане дIакховдийра цIечу баргIатана йукъахьарчийна ларча.

– Кута, хьо герз доцуш гича, хьо обарг хиларах теша хала ду тхуна – элира элас, шега схьакховдийна ларча дIа а йостуш. Цу йукъахь Iуьллура детийца кхийлина доьхка а, гуьржийн говзанчаша йина шаьлта а, шен хумпIарчохь оьрсийн эпсарийн тапча а.

– Ахь гуьржийн эланан кIантана совгIат дина хилар хууш, суна а лаьа хьуна совгIат дан. Герз доцуш боккъалла а ша цхьа паргIат ца хеташ хилла Кута воккхавера иштачу совгIатах. ГIодайукъ къовлуш доьхка, дIа а дихкина, хаьнтIе шаьлта а тоссуш, Кутас велакъажарца элира:

– Боккъалла а доккха баркалла хьуна, эла, иштта доккха совгIат суна дарна. ХIинца санна хIара совгIат оьшуш мIаьрго йацара сан дахарехь.

Къена эла а, Александр а, Кута а керта арабевлира. Леттачу чиркхаша къагийнера адамех йуьзна керт:

– ХIара массо а нах вайн гергара бу. Царна лаьа хьоьца къамел дан. Даарах, маларах кхеташ, цаьрца хан йаккха хьайна лаахь, нагахь санна уьш хьайна кIордийча, садаIа дIаваха мегар ду хьуна, ткъа кхана хьо волчу хьуна бевзаш болу гуьржийна обаргаш богIуш бу хьуна – хазахетарца хаам бира Александра Куте. Къена эла гулбеллачеран буьйса декъала а йина садаIа дIавахара.

Iуьйранна сатасалле араваьллера Кута, ломара хIаваан марзонах Iаба. Гуьржийн жима стаг тIевеара цунна шегара хIун гIо оьшу хатта. Жима стага Мачутадзен латтанаш гойтуш, жимма волавала вигира иза. Малхбалера гуш дара Савардийа лаьмнаш, ткъа церан баххьашкара гIовгIанца чухецаделла догIура Килтикара цIе йолу ахка.

Уьш жимачу кевнашкахула кертара арабевлира. Жима стагана баркалла а аьлла, Кута гу тIе хьалавала ойланца йуьртах аравелира.

Поти агIора схьахьоькхучу хIорданан мохо деана и цIена хIаваъ дIаийнера стоьмийн бошмашкара схьаоьхучу цу мерзачу хьожанца. Кхузахь, Колхетин арахь цхьа шатайпа синпаргIато хьаьрчара берриге а кхетамах, са а, дегI а цIиндеш. Кхузара ирсечу тийналлас дог Iовжийра Кутин, даима сингатттамо а, кхерамо а ша гезган машано санна лаьцна йолу шен хьоме Нохчийчоь дага а тесна. Цигахь хIора ког баьккхинчохь воккхачу стагана а, берана а, зудчунна а, ломара экхана а, лаьттахула доьдучу сагалматана а оьрсийшкара кхерам бу. Цу гIайгIане ойланашца лаьмнаш долчу агIор волавелира иза. ЦIеначу хIаваах доггах кийра Iабош садаьIначул тIаьхьа, шега йуьрта йистехь хьоьжуш волу жимха волчу охьавоьссира Кута. И шиъ цIа веъча, анайистана лекха хьалабаьллера малх. Гуьржийн эла кху шинга хьоьжуш кертахь лаьтташ вара:

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Мурман Ратиани читать все книги автора по порядку

Мурман Ратиани - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута отзывы


Отзывы читателей о книге Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, автор: Мурман Ратиани. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x