Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута
- Название:Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005661005
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута краткое содержание
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Дуьхьал хIоьттина лаьттачу цхьаьна тобанера балкхархочо Кута вевзина, цуьнга куьйг кховдош, хаьттира:
– Кута, хьо цаьргахьа ву? Хьо тхуна дуьхьал ваьлла? Сван бахьанехь хьайн накъостех лата воллу хьо? – боккъалла цецваьллера иза.
Кутина гуш дара хIара дерриге а хьал дарделла хилар а, шина а тобано Фатиках ца довла дуй биъна хилар а.
– Со сайгахь ву! – кертахь тийналла йоссош мохь туьйхира нохчочо. – Суна Фатика цкъа а гина йацара, амма цуьнан хазаллах лаьцна йерриге а Кавказехь дуьйцуш ду. ХIинца сайн бIаьргашна иза гича, сан сацам хилла иза сайна йига.
Цецдаьллачу адамийн тобанна йукъахь гIугI даьржира. Ахиян вежарий дукха цецбевлла, багош а гIаттийна лаьттара, ткъа шаьлтанах тассавелла сван накъосташа сацийра. Маларах кхетттачу балкхарца йуха а шениг дуьйцура:
– Тхуна бен дац сван вийча а, нохчо вийча а, амма Фатика оха цхьанна а дIалур йац.
Кутина а, цунна уллохь лаьттачу чергизочунна а тIевеара балкхаройн эла Урусбиев. Цо куьйг айдира, вистхила шен болу лаам гойтуш. Гулбеллачарна йукъахь тийналла хIоьттира.
– Кута сан хьаша ву! – Элас бIаьрг туьйхира гулбеллачу нахе. – Фатика хьаьнга маре гIур йу шаьлтанаша къастор дац, иза цуьнан дас къастор ду. Шен дас Мухарбис дIайеллачуьнга маре гIур йу Фатика – йоьIан да волчу агIор бIаьрг туьйхира элас. Тоба дIасатеIира. Мухарбинна тIевахара Навруз:
– Лараме Мухарби! Хьан йоI кхиъна йаьлла. Цуьнан безам бахьанехь шайн синош дIадала реза бу Кавказан уггаре а тоьлла къонахий. Ас сайн цIарах йоьху хьоьга иза сайн хьаша а, доттагIа а волчу нохчийн обаргана Кутина. Цул тоьлла хIусамда хьан йоьIана карор вац хьуна!
– Цу нохчочунна хууш дуй сайн йоI ас йорах дIалур йоций? – велакъежира иза, шен къоьжачу мажах куьйг а хьокхуш.
– Массо а харж ас сайна тIелоцуш йу! – кхоладеллачу хьолах воккхаверца жоп делира балкхаройн элас.
– ТIаккха суна вайн барт хилла аьлла хета. ТIедогIучу кIиранан дийнахь шайн нускал дIадуьгур ду-кх аш – хьалагIаьттира Мухарби, шен кIенташка шаьш дIадоьлхуш хилар хоуьйтуш.
Циггахь говрашка а хевшина, шайн накъостаца сванаца дIабахара Ахиян вежарий а.
– Цу нохчочунна хууш дуй нускал дIадигале той балкхаройн лаьттахь а дан дезий? – саца туьгуш вацара маларах кхетта балкхархо.
– Шуна цкъа а ца гиначу кепара той хир ду-кх шуна – велавелира гIебартойн эла Клишбиев Аслан шен доттагIчун Кутин куьйг а лоцуш.
Шайн кIотара Кюнлюме сванаца цхьаьна Ахиян вежарий буьйсанна схьакхечира. Ахия цIахь вара:
– ТIаккха? Муха дара той? Гирий шуна Фатика? – хаьттира Ахияс чоьхьаваьллачу шен вешига Асхате, бIаьргашца боданехь цхьаъ лоьхуш санна. – Кута мичахь ву? – хаьттира цо шен вежаршка а, царна уллохь лаьттачу сване а.
– Шен нускалца хир ву-кх велар иккхира цуьнан воккхах волчу вешин.
– Фатика ган а, цуьнга хьажа а хIинца хьан доттагIчун Кутин бен бакъо йац, иза цуьнан нускал ду – Асхата аьллачунна тIетайра церан щича.
Ахия хIумма а кхеташ вацара, амма балано макхвинчу Ратиани Мушнига хьаьжча гуш дара цу тойнехь цхьаъ хиллий.
– Мушни, ахь мукъне а ала хилларг хIун ду? – дийхира Ахияс. Ткъа цуьнан вежарша хIумма а къайла ца деш, Гелястано кIотарера тойнехь хилларг дIадийцира, ткъа эла Ратиани Мушни вист ца хуьлуш, вехха лаьтта бIаьра хьоьжура.
– Ахия, ас доьху хьоьга, цкъа мукъне а иза ган гIо де суна! Нагахь санна и реза йелахь тхойшиъ дукъа тIехьахула сан махка дехьадер ду, цигахь иза нохчочунна а карор йац – дехарца шен доттагIчун бIаьра хьоьжура Мушни.
Цуьнан гIийла хьежаро дог Iийжадора балкхархочун.
– Дер лаа ма дац иза ша дерриге а – дагалецамаш кего волавелира Ахия. Суна Кута дика вевза. Суна дика девза цуьнан къам а, тайпа а. Со дукхозза хилла иза схьаваьллачу Довта-МартантIехь. Цо цкъа а лачкъор дацара нехан ирс, цуьнан дерриге а дахар нах ирсе барна лерина хилча – шена хезначух ца тешара Ахия. – Жималлехь дуьйна цу нохчийн къонахчо Кавказан муьлххачу а маьIIера Iедалан Iазапо ницкъ биначу ламанхойн сий ларда шен дахар цкъа а ца кхоийна. Цуьнан йаьхь, доьналла, майралла, комаьршалла йовзарна иза ма кхойкхура массара а шайна тIе чолхе киртиг хIоьттича – ойла йора Кутин доттагIчо. Iуьйре хиллалц са ца туьйш, Ахия буьйсанна говра а хиъна цхьанхьа вахара.
Кундетово олучу шен кIотара цIа веъча, Мухарбис тIедогIучу кIиранан денна кечам бе элира Фатика маре йала. Фатикас ца йаьлла тIеийцира шен кхоллам – дас ша делла дош цкъа а йуха а оьцур дац, амма дагна хала дара цунах кхета – иза доьлхура, Iийжара, чов хилла лозучу цунна тIе дагалецамаша туьха туьйссура. Мушни пхи шо воккха вара Фатикел.
Жима бер долчу хенахь дуьйна цо даима а тамаша бора Мушних а, цуьнан доттагIчух Хергианих а ша дейиша йолчохь Сванетехь хьошалгIахь йолчу хенахь. Фатикан пхи шо дара Сванетехь цуьнан жима цициган кIорни дитта тIе а даьлла, цу тIера охьа ца доссалучу хенахь. Фатикас луларчу кIенташка дийхира шена гIо де аьлла, амма цхьа а ваьхьаш вацара диттан дуьткъачу гаьнтIе хьалавала.
Иза йоьлхура, ткъа довхачу бIаьрхийн Iовраш цхьаъ цхьанна тIаьхьа охьауьдура цуьнан ховхачу бесниш тIехула. Йоьлхуш йолу йоI гира цу урамехула богIучу кIенташна. Царех цхьаъ сецира.
– ЙоI, хьо хIунда йоьлхуш йу? – хаьттира царех цхьаммо шен кучан пхьошаца йоьIан бIаьрхиш дIа а цIандеш.
– Сан кIорни, цициган кIорни – къурдаш деш гайтира йоьIа диттан гаьннашах тассаделла Iаш долу жима пису.
– Эла, хьавола! – кхойкхура кIанте цуьнан накъостий. Амма иза уьш тергал ца беш дитта тIе хьалавелира, кагдала доллучу дуьткъачу гаьннах а тийссалуш. КIантах кхераделла пису кхин а лаккха хьаладелира. Ша дерриге а дицделла хьоьжура массо а хуьлучуьнга. КIант пису схьаэцна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, га кагделира, амма цо тIаьххьара катуьйхира кIорних. Ткъа иза важа куьйгаца тассавелла хилла диттан га цуьнан йозалла ца лаелла, татанца кагделира, ткъа кIант карахь пису а долуш лаьтта охьавуьйжира шен хеча а йатIош, ткъа пису-м могуш-маьрша цуьнан карахь дара.
– ХIара ду-кх хьан пису – самукъне дIакховдийра цо Фатике кIорни.
ХIетахь дуьйна воккхах волчу вашас санна терго йора цо йоьIан. Балкхаре дIайоьдучу хенахь, цо чIогIа сагатдора Мушнина, сатуьйсура йуха а Сванете кхача.
Иза элийн ширачу тайпанера схьаваьлла вара. Церан тайпа хIинца хьалха санна хьал долуш дацахь а, амма РатианигIар шайн доьналлица бевзара йукъараллехь.
Кхойтта шо кхаьчча Фатикана везавелира Мушни, ткъа цуьнан безам жоп доцуш а ца биссира. Кавказан дукъа тIера уггаре а кхераме йолчу ирхенашкара гулдинчу зезагийн курсаш кхоьхьура цо йоьIана. Цуьнан санна ламанца лекха хьалавала ка йолуш Мушнин доттагIа Хергиани бен вацара.
Ткъа хIинца Фатикин лаахь а, ца лаахь а нохчийн обарган зуда хила йеза. Цунах лаьцна дукха дуьйцу Кавказехь. Фатикина иза хьалха а гинера, ткъа тахна иза йехха хьоьжура цуьнга. Обарг хаза а, доьналла долуш а вара, амма ма хийра вара иза йоьIан дагна, цундела Фатика ца кхетара ша муха кхуллур ду цуьнца дахар. Амма йоьIана хаьара шен дас делла дош ша цкъа а дохор доций, цунах шен са дIадала дезаш хилахь а.
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: