Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Тут можно читать онлайн Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Историческая проза. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Мурман Ратиани - Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута краткое содержание

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - описание и краткое содержание, автор Мурман Ратиани, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
«Горцы» – «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш – безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Мурман Ратиани
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

КIант маьрша муха ваккха веза бохуш дуьйцуш, шайн ойланаш кар-кара кхийдочарна ца хаьара массарех а йуьстах ваьлла, вист ца хуьлуш Iаш, вехха геналле хьоьжу и шайна йукъара къонаха Довта-МартантIера цIейаххана волу Кута вуй. Йуха а даарах дIайуьзнера стоьлаш, чам болуш кечдинчу Iахаран жижгана тIера айайелла Iаьнаро кийра къизабора. ХIинца-м къамел кхечу хорше дирзинера. Хьеший луларчу къаьмнийн даарийн мах хадош бара, ткъа кIант царна сиха вицвелира. Амма кхачанах а ца кхеташ, вехха уьш тергал беш Iачу Кутин даг чохь иза гуттаренна а виссира.

ШолгIачу дийнахь хьеший цIа баха тохабелира. Гергарчарна шортта совгIаташ а кечдина, Дикас уьш Теркал дехьа новкъа бехира. Сарахь цIа ваха дагадеанера Кутина а.

– Ма хаьара суна, хьо тахана хьайн динна шед тухуш, кхузара дIатассалур вуй – велавелира Дика – Гуьржийн махка гIур ву хьо? – вехха хьаьжира иза обарге.

– Цкъа Балкхаре гIур ву сайн доттагIа Жангуразов Ахия волчу, церан дукъа тIехьахула некъ бу сванашца дIасалела – шен герз нисдеш жоп делира Кутас.

Обарг муьлхха а мIаьргонехь дIаэккхар вуй хуучу Дикин даима а кийча хуьлура цунна лерина кхача: уьстагIийн бакъийна дума а, дакъийна жижиг а, ахьар а. МаьркIажен бода стиглахь баьржжашшехь Кута шен говра а хиъна гIаларт санна цIеххьана дIавайра.

Балкхархо Ахия

Кху шарахь Iа цкъа а ца хиллачу кепара шийла дара. 1901-чу шеран кхолламан бутт бара. Йерриге а Кавказ Iаьнан шелонан йийсарехь йара. Iуьйранна самабаьллачу маьлхан зIаьнарша къегош дара Iаьржа лаьмнаш хьулдина Iуьллучу лайн и дети. Цу Iаьнан туьйранан исбаьхьа тийналла йохош, Дигоран чIожехьа, чаболехь Iаьржа дин хаьхкина воьдура башлакхах хьаьрчина цхьа бере.

Цуьнан Iаьржа маж а, цIоцкъамаш а сира йис йиллина дара, ткъа хаьштиг санна лепачу цуьнан жугIар бIаьргаша ца лоцуш ца дуьссура гонаха хIумма а.

Иза вара Довт-МартантIера нохчийн обарг Кута. Лаьмнашкахь ло диллар бахьана долуш хьаннашкахула чекхвала чIогIа хала дара, цундела ХIирийчуьра Дигорера Топан олучу кIотарахь шен накъост волчохь саца дийзира цуьнан. Кхузахь цхьа де а даьккхина, иза боданца Лаккхарчу Балкхарера Кюнлюм олучу кIотаре дIагIур ву.

ХIирийчо обарг хазахетарца тIелецира, хьешан сий деш, уьстагIана урс хьаькхира цо. ДоттагIаллин марзонехь йаьккхина хан чехка йоьду, цундела хIара де а сиха дIаделира. Сарахь Кута дIаваха кечвелча, хIирийчунна лиира иза новкъа ваккха. Кутас ца оьшу боххушшехь, и шиъ цхьаьна Лаккхарчу Балхкаре кхечира. Маржа-йаI ма беркате ду Балкхарен латта, ма хаза ду цуьнан лаьмнаш, маьлхан зIаьнарша лепайо церан басеш, ткъа эзар шерашкахь дуьйна Кавказан ха деш лаьтта кхузахь къена Эльбрус – Кавказан массо а лаьмнийн сийлаллин Iаламат.

Iуьйранна сатоссуш ши бере Кюнлюме кхечира. Буьрсачу гIуранан а аьтто ца баьллера Черек цIе йолу ахка шен шийлачу йийсаре лаца. ГIовгIа эккхийтина доьдура иза охьанехьа. Цуьнан аьрру йистехь лаьттара Абайн бIов. КIотар самайолуш йара: маьI-маьIIехь саьккалшкара пешнийн биргIанашчуьра Iуьйренан кIур бара гуш, масех жIаьла кертара арахьаьдира, говрийн бергийн тата хезна, амма цара меллаша ког боккхуш гина, жIаьлеш шелонехь Iан дог ца догIуш чоьхьа хьевдира.

Жангуразов Ахия Кхо бере Ахиян хIусаме кхаьчначу хенахь цу чуьра араваьллачу - фото 6

Жангуразов Ахия

Кхо бере Ахиян хIусаме кхаьчначу хенахь, цу чуьра араваьллачу ламанхочо ков схьадиллира. Кутина вевзира шен доттагIчун воккхах волу ваша Асхат. Говрашкара биссина хьеший догIмаш меттах дохуш лаьттара бохбала гIерташ:

– Ассаламу Iалайкум! – салам луш, куьйг кховдийра Кутас балкхархочуьнга, ткъа важа куьйг шен йис тесначу мажах а, цIоцкъамех а хьоькхура цо.

– ВаIалайкум ассалам! – шеконе хьешашка хьоьжура балкхархо, царех хIоранга а куьйг а кхийдош.

Кутас цIоцкъамашна тIеоьзна шен месала куй дIа а тоттуш, велакъежча, балкхархочуьнга мохь белира:

– Йа Аллах! Кута вац и? – цо сиха куьйг ластийра шен цIехьа, ткъа цу чуьра цхьа чоа а долуш тIехь, карахь карабин а йолуш, аратассавелира Ахия:

– Со вала велла! Ван а ма ву Кута! – марахьаьрчира иза шен доттагIчунна. – Ассаламу Iалайкум! Делера совгIат хуьлда шу кхуза кхачар сан беза хьеший – элира Ахияс, хIирийчуьнга а, Куте а хьоьжуш.

ХIинца бен ца кхийтира Ахия, ша дукха хазахетта карабин охьайилла а вицвелла хиларах. Иза шен воккхах волчу вешига дIа а кховдош, цо элира:

– Соьгахь а ду сема хила везаш хьал.

ХIирий цхьаъ ала гIертара, амма балкхархоша уьш кхин бистхила ца буьтуш, чоьхьа бехира. Кегийчу наха церан говраш даьхнийн керта садаIа дIайигира. Жимма хан йаьлча хIирийша дийхира шайна цIа даха бакъо лахьара аьлла. Делкъан ламаз диначул тIаьхьа хIусамдайшна хьошалла дарна баркалла а аьлла, хIирий дIабахара.

Сарахь хьаша хIусамдеца ша виссича, Ахияс паднара тIе Кутина дуьхьал охьа а хууш, элира:

– Кута, хьоьга дийца ца оьшуш, хьуна хаьа со а, сан дерриге а тайпа а хьо бахьанехь шайн синош кхоор долуш дац. Тхо даима кийча ду хьошалла деш хьо тIелаца. Суна дика вевза хьо. Хийла нехан бала хьайн дагчухула чекхбалийтина ву хьо, хIинца а кху шелонехь, хьайн чохь ца Iаш, цхьаьнан бала эцна араваьлла хьо. Со кийча ву-кх хьоьга ладогIа – леррина хьоьжура Ахия нохчийн обарге.

Кута вехха Iийра вист ца хуьлуш, ойла йеш. Ткъа Ахия-м сиха вацара. Цунна хаьара шен нохчийн доттагIа цхьа гIуллакх эцна араваьлла вуй.

– Сванетера гуьржийн элас закъалтана лаьцна нохчийн бер. КIентан гергарчу нехан аьтто ца баьлла иза мокъа ваккха. КIант дуьнен чохь ца хиларах тешначу цара дог диллина – гIийла шен доттагIчуьнга хьаьжира Кута.

– Ма тамашийна хIума ду да шен кIант лоьхучура сацар? – цецвелира Ахия.

– Ши куьйг а, ши ког а бихкина Iуьллу цу кIентан да гуьржийн элас Геловани Иликос цу кIентан а, зудчун а бIаьргаш хьалха тур тоьхна вийна!

– ТIаккха кIантаца цуьнан нана йу-кх? – хазахийтира хIусамдена.

– Йац. Нана йелла и шиъ цу йийсарера деддачу хенахь, дукъал дехьайолуш, шело ца лайна.

Тийналла йоьссира хIусамехь. Накъостий бехха Iаш бара вовшашка бист ца хуьлуш.

– Кута! Ас хIун гIо де хьуна? Нагахь санна хьо со волчу веана хилча, цхьаъ дагадеана хир ду-кх хьуна? – шен накъостан дагахь дерг хаьа гIертара Ахия.

– Ахия, суна хьан доттагIа дагавеана – Ратиани элийн тайпанера сванашха волу Мушни. Цу доьналла долчу ламанхочо доккха гIо дийр дара-кх суна Сванетера элас лаьцначу кIантан кхолламах лаьцна ма-дарра шена хаийтича.

– Хьуна а ма ву иза дика вевзаш – самукъне вистхилира Ахия.

Кута а велакъежира, балкхархоша Муратби олуш хилла волу сван Мушни а, хазаллица цIейаххана хилла балкхаройн йоI Фатика а дагайеана.

Иза дара 1898-чу шеран аьхка. Кута цхьаьна сарахь Ахияс дехна Кюнлюме веанера. Балкхархочуьнга оьрсин эскаран эпсар волчу цхьаьна ногIийс дийцинера Закавказьеца зIе латточу почтови трактехула дукха ахча ду аьлла дехьадоккхуш. Мазлакхан чIагIбинчу некъатIехула дIагIур болчу инкассаторшна тIелата бохура цо, хIунда аьлча цу меттигана тIелатар хир ду аьлла Iедална дагахь дац. Ахия хIетахь цIахь ца карийра Кутина.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Мурман Ратиани читать все книги автора по порядку

Мурман Ратиани - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута отзывы


Отзывы читателей о книге Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, автор: Мурман Ратиани. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x