ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Название:Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005565730
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Нахана йукъахь соцунгIа хилира. Ткъа йуха Зарганан мардас дош дийхира:
– Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме йеана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна йукъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха йезаш йу. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика йевза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хIара гIуллакх къасторан урхаш соьга а йелла, ас уьш йухаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна. Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна тIеэца дезар ду шун.
– ТIаккха Заурбеке ду-кх дош! – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.
– ХIан-хIан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи. – Нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхин болу тешаш, ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна йеттар бен гина боцуш санна лелаш бу. – гуш дара цо Заурбекан доьзалан агIо лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь. Хьунда аьлча, Абу-Хьаьжина гуш бара – бакъона-харцона богIам!
Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин йукъараллехь ишта дика цIе йаккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.
Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша ИбрахIимана улло а вахана, цуьнан букъа тIехьа дIахIоьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар кIантана хоуьйтуш. ИбрахIим къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг бIаьргашчохь деша гIерташ. Цу мIаьргонехь Заурбек а хьаьжира кIанте, ткъа бIаьргашца цо хоьттура:
– ХIун де вай хIинца?
– Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…
– Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – ИбрахIиман дешана йукъаиккхира Абу-Хьаьжи.
– ТIаккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа, – долийра шен къамел ИбрахIима. – Нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу хIунда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар хIунда ца дира аш тхайна шу карабаллалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Тхунам шу цакарийнехь-м – шу догIарг ца хиллер, шайн махуьлла лачгIа гIоьртан аш хиллера, изаъ вайна хууш ду, ма-дарре аьлчам. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана йукъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха хIуманна декхарийлахь буйла хууш. ТIаккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх.
Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма АллахI Дела ву теш – суна дика хаьа сайн шина бIаьргана гинарг, сан йишин шина бIаьргана гинарг, кхин а шина тешан бIаьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу мIаьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма хIете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь суна дуккха а аттох ду шуьца хIара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, хIунда аьлча бехкениг цIанва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул.
Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха цIанва гIерта ца деза, цу боьхачу гIуллакха йукъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош.
Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха йуьхьIаьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш КъорIан тIехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй теIэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн Iадато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу КъорIантIехь ишта дуй баа беза! – Нагахь санна шайн йишица, йа шайн тайпанара зудчуьнца хIара кеп хIоттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье хIума хетар дацара аьлла…
И дуй бианчул тIаьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар тIеоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, тIаккха шун Ахьмада шена тIера хеча йаьккха йеза, ша бехке хилар а, шена тIедогIу эхь а тIелоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, тIаккха Ахьмадан доьзалера, йа шайн тайпанера зуда, йа йоI сийсаза йайта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза дацахь, тIаккха тIахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна йукъахь машар хила а кхин агIо йац шуна.
Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан хIума дац. Оха зудчун сий духкуш йа, оьцуш лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна. Кху хIусамехь тIаьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен тIаьхье сий дайна йаха йуьтур ца хиларах.
ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.
И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо:
– Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…
– ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, – Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь йаьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.
Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш ца хетара Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца, шен хIусамехь нахана хьалхахь! Иза хIусамден доккха гIиллакх ду.
Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна, и ала шегахь доллушехь. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.
Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла чIиранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – КъорIанах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а йаьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, хIунда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна тIекховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совгIат лара мегар ду шуна. Ткъа хIинца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:
– Цкъа мацах ламанца Iаш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йоI йезайелла хилла цунна.
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: