ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Название:Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005565730
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
– Сиха чуховша! – мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.
Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.
Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:
– Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тийссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха тIаьхьакхочур ду царна.
ИбрахIимна-м хIара накъост шена Дала цIеххьана доссийна гIо хетара, амма хIете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне йукъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна тIаьхьакхиъначул тIаьхьа шайн гIуллакхна йукъа ца гIертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира ИбрахIимца. ИбрахIиман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а чIогIа марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу тIетаIайора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьаIовда гIерташ санна. Сийна машен а дукха ца Iаш гучуелира. Уьш цхьаьна йуьрта чукхечира.
Цу хьалха Iуьллура аьчка некъ. Семафоран цIен стогар схьалалетира. ИбрахIимна орцанна санна, геннара схьахезачу гIовгIанца хьаьдда йогIура цIерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха. «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца йуха а тиссалора шен вешех и сацо гIерташ, амма ИбрахIим «Волгина» тIекхаьчна ваьллера, цунна тIаьхье монтировка а карахь ведда вогIура цIеххьана ИбрахIимна нисвелла накъост а. ИбрахIима машенан хьалхара неI схьа а йиллина, Ахьмадан йуьхьтIе ластийна буй туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40—45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза Iедалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун гIо даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен цIе Рахьим йу аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира ИбрахIиме зулам ма дахьара ахь аьлла, хIунда аьлча цуьнан тIаьхьало кIантана ирча хир йуй хууш.
– Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь дIавала сунна новкъара. ХIара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.
– ХIан-хIан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. КъинтIера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Йуха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…
– ХIун адрес? Ас йустах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш, – тIе мохь туьйхира цунна ИбрахIима. Цу мIаьргонехь цIеххьана кIентан бIаьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостагIчунна тIехьашха тебаш волу киранан машентIера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира ИбрахIимца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара Iела. Гонахара хьал кIеж туьйссуш догIу ламанан ахка санна кхехкаш дара. ИбрахIимана гуш дара шен доьзална тIедеанчу вуоне ша ларамза йукъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а чIогIа йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь йеана оьгIазло цкъа а йуьссур йац тIаьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».
ИбрахIимна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло хIоьттиначу Iелах а. Луьралла дIайелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш йац. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима йухь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:
– Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, йа ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна йукъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.
Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа йуьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш йара гучуйуьйлуш.
Йуха а къамелана йукъаиккхира Ахьмадан некъахо.
Киснара кехатан кийсиг схьа а йаьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а йаздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза
– ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…
– Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? – цуьнан къамелана йукъаиккхира ИбрахIим. – Нагахь санна валахь йуьстахвала, ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, йахийта кхузара массара а, со дохко валале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!
Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш йаржийра сийначу стиглахь. Шаьш йуьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIа кхетийра Зарган а, ИбрахIим а.
Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.
Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина йац аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.
ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга». СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ йацара: 90—45 ЧИС.
Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила йеза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:
– ДоттагIа! Цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?
90—44 ЧИС лоьмараш хьенан йу-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур йу аьллера соьга, тхойшиъ машен йуьлучохь вевзинчу хенахь.
– Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера йалийна а йара и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь йу, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: