ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Название:Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005565730
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а йу. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…
Дуьненан йалхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолайелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.
Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.
Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхйаьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС могIаре хIотта а аьтто хир бу. ИбрахIима биначу сацамна дуьхьал ала хIума долушшехь, дас а, вашас а новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.
Ишкол ИбрахIима лаккхарчу кхиамашца чекхйаьккхира. ТIаьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина чIогIа спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза хIинцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца Iара ИбрахIиман тидам тIеберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта чIогIа оьрсийн мотт а, литература а йезайаларехь, шеко йоцуш, «бехке» йара Мария Владимировна. Амма, окху ишколехь хьоьхуш бацара нохчийн мотт! Иза дара коммунистически Iедалан лаамех доьзна, нохчийн къомана чIогIа иэшаме хьал!
Цхьаьна дийнахь ИбрахIим доьшуш волчу пхоьалгIачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа тIехьа а лечкъаш оьрсийн йоI а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна – церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера йеанера, хIетахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш Iуьллучу нохчийн жимачу йуьртаца. ИбрахIим а кхузахь доьшуш вара, хIунда аьлча церан кIотарехь йуьхьанцара бен школа йацара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша хIоттийра. Мокъа деношкахь бен цIа вар а ца хуьлура ИбрахIиман.
Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолгIа Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, Iер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, йуьхьанцара йоьIана хала дара нохчийн дахарах кхета.
Невран кIоштан Ищерски станица Теркана аьрру йистехь Iуьллура, Соьлжа-ГIалина бIе километр генахь. Йист йоцу похIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна йара йуьртан бIаьстенца сенйелла йогIу и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостагIех тийссайелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садоIуш йу. Адам дара кхузахь меттигера Iалам санна син-паргIатонах дуьзна. Вовшашца кIеда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш, бертахь бехара нохчий а, оьрсий а.
Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешартIехь кхиамаш баьхнарш совгIатна Соьлжа-ГIала буьгура. ИбрахIим а хуьлура даима царна йукъахь. Дешархойн чIогIа самукъадолура цу гIуллакхах. ГIалина гена Iаш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха гIишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех йуьзна некъаийстош а, тIай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан зIаьнарш тулгIешца лепош доьду Соьлжа а ган.
Мария Владимировна чоьнах мах луш Тагибат цIе йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь Iаш йара цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Тагибатаца Iаш цуьнан хIусамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара. КIант шолгIачу классехь вара, йоI ворхIалгIачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йоI. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел кIоргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, хIунда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн КарамазовгIеран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь дIалоцу меттиг.
Литературин турпалхойн дахарехь тIеIиттаела киртигаш шайга хьехархочо йуьйцуш цецдевлла ладугIучу берийн ойла цигахь йара… генарчу геналлехь. Царех хIораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша хIун дийра дара те. ХIоранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь йухура бераша деттачу маьхьаршна:
– Хьажахь, ма кIант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! ХIан-хIан и харц ву!
И гIовгIанаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совгIат хетара.
Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш йезайелира ИбрахIимана а литература. Дуккха а книгаш йешар бахьана долуш кIентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а Iамор ишколехь тIедожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи йукъара нохчийн мотт дIабаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн кIажера а йарташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни Iамораш дIахьора.
ИбрахIиман йерриге а ойла дIалецира литературас. УьссолгIачу классе волуш цуьнан шен библиотека йара кхо бIе сов книга а йолуш. ИбрахIиман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу ИбрахIим а эцна гIалитIа базара йахча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна ИбрахIима ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: