ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Тут можно читать онлайн ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - описание и краткое содержание, автор ИсмаIал Акаев, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ИсмаIал Акаев
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а… уьш хIинца а йу кхеран киншкийн тарха тIехь, ИбрахIиман нанас безамца дола а деш.

Ишколехь хьехархоша ИбрахIим даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара кIанта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, ИбрахиIма кхочуш до ша нийат дина тIелаьцнарг – институтан метта цо эскар хоржу.

ИбрахIима ишкол чекх а йаьккхина аттестат схьаэцначул тIаьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьрта дIабахара. КIант берхIиттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше йерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма ИбрахIим ша аьллачунна тIера вер волуш ца хиллера. Цо тIетаьIIина кечам бо эскарехь тIеман декхара дIакхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен йерриге а агIонаш цунна йовзуьйтуш….

Сий

Йийначу цхьаьна зудчун метта

ЧIирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….

I

ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а йаздина доцу ламасташ а, йукъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард йу.

ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу йуьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост йара маре йаха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.

Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш йацара шен машен лело. ХIара шиъ йукъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь Iаш схьахетарехь гIуллакхехь волу йуккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, ИбрахIим чухиира машенна. ХIетахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь Iаш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен хIинцале дIайолайелира, цундела тIаьхьа дара йиша сехьа йаьккха. Цул совнаха, шайна гIуллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас йан ца лууш, йитира ИбрахIима шен йиша шина боьршачу стагана йуккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна чIагъIйелла, шен ма-хуьллу кIезиг меттиг дIалаца гIерташ, вешина улло теIара.

ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара йуьйхира.

Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Йа йоI тIехэсала хеттера, йа цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, йа муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, йа сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…

Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна йу. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг йуьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза йу и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъйа оьшу и «нохчалла» – нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь йу и Нохчочун цIе, ткъа йуха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.

Шалхонаш лелайар иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.

ХIора а къоман культурин шен башхалла йу. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан йаьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.

…Йуьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш йухкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъйеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош йацара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIайаьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.

Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхерайеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самайаларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо йуханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ

– ДIайахийта сиха машен, сихо йе! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!

ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостагIа бен кхин хIумма а дацара. Маьхьарца тIейетталу йиша дIа а теттина, иза йуха а тIекхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна йуьхьа тIе саццанза буйнаш доьттура ИбрахIима. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма йуха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, гIора дIадаьлла некъа тIе охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан бIаьрг кхийтира сихъйелла дIайоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90—44 ЧИС – шеко йацара машен пачхьалкхан гIуллакххойн хиларан.

Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIайахийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара ИбрахIимал.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ИсмаIал Акаев читать все книги автора по порядку

ИсмаIал Акаев - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман отзывы


Отзывы читателей о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, автор: ИсмаIал Акаев. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x