Хьусайн Шовхалов - ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ

Тут можно читать онлайн Хьусайн Шовхалов - ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Хьусайн Шовхалов - ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ краткое содержание

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - описание и краткое содержание, автор Хьусайн Шовхалов, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
– Яах1ума яаран г1иллакхаш;– Яах1ума яаран нийса куц;– Берашна а, баккхийчарна а яах1ума яа 1амор;– Яах1ума яарехь хьарам дерг;– Вовшахкхеттачохь яах1ума юуш лело дезарг;– Хьошалла нийса дар;– Хьошалг1ахь лело дезарг.

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Хьусайн Шовхалов
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ

Хьусайн Шовхалов

© Хьусайн Шовхалов, 2020

ISBN 978-5-0051-8958-5

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ДЕШХЬАЛХЕ

Биссмиллах1иррохьманиррохьийм

Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, царна мел оьшург билгалла дина волчу. Аллах1ера маршо а, хьаставар а хуьлда Цуьнан пайхамарн Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош, царна т1ехь мел ваьзначунна а къематде даллац.

Х1ора бусалбачу стагна а, зудчуна а, жимачун а, воккхачун а хаа дезаш ду шен дахарехь шена т1е1итталучу х1уманех 1илма. Цундела, дуккха а х1ума хаа дезаш хуьлу иза, шен дахар Дала ма-бохху нийсачу кепара хилийтархьама. Ткъа тахана неха 1илманца йолу юкъаметтиг г1елъеллачу заманахь, бусалбачу нахана шайн динах дукха х1ума ца девзачу деношкахь, т1ехь ч1ог1а ду церан хьашт царна динехь дерг довзийтар, ислам динца дог1уш Дела реза волчу кепара церан дахар нисдалийтархьама.

Цундела, х1ара жайна бусалбачу динехь яах1ума яаран а, маларан а г1иллакхаш билгалла деш ду.

Тахана бусалба нах хьаште бу яах1ума юуш дино билгалла дина суннаташ шайна довза а, уьш ларда а. Къаьстина тахана уьш девзаш берш к1езиг хуьлу, цундела и суннаташ д1адовла герга дахана, цхьадерш д1а а девлла.

Х1ара бусулба г1иллакхаш шена 1амийна ца 1аш, ца девзачун 1амо хьажа веза. Ткъа тахана дукха го вайна воккханиг а, жиманиг а, стаг а, зуда а шаьш яах1ума юучу хенахь х1ара г1иллакхаш лар ца деш, г1алаташ дуьйлуш. Цундела воккханиг а, жиманиг а, стаг а, зуда а нисвала хьажа веза цу г1иллакхаш т1ехь, т1аккха церан яах1ума яар Дела реза волчу кепара нислур ду, уьш леладарн царна ял а хир ю Дала мукълахь.

Х1ара яах1ума яаран г1иллакхаш дерриш цхьанакепара дац. Цхьадерш х1ума яале хьалха, вуьйш х1ума юуш, иштта х1ума йиинчул т1аьхьа а ду. Уьш къасто атта хилийтархьама аса уьш кхаа декъе декъна. Иштта кху жайни т1ехь хьахийна нах цхьаьнакхетта х1ума юуш а, хьошалг1а вахча а, хьошалла деш а лело деза г1иллакхаш.

Дала аьтто бойла хьан х1орш 1амада.

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн.

ЯАХ1УМА ЯАЛЕ ХЬАЛХА ЛЕЛО ДЕЗА

Г1ИЛЛАКХАШ

Х1ара бусалба г1иллакхаш яах1ума вола валле хьалха лелош ду

1- КУЬЙГАШ ДИЛАР

Яа1ума яале ши куьг дилар дика ду, къаьсттина дика ду куьйгаш т1ехь д1аяккха езаш х1ума елахь я и шиъ ц1ена дуй шена ца хаахь.

1аишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:

«Шена (пайхамара) х1ума яа лиъча ши куьг дуьлура цо 1 1 – Бухарий,286. Муслим,305. ».

Иштта вайла хьалха хиллачу дикачу наха а шеш яах1ума яале куьйгаш дуьлуш хилла, шайн дег1ана зен ца хилийтархьама.

2-ДИКА НИЙАТ ДАр

Яах1ума юуш дика нийят дина хила веза бусалба стаг, ша юучу я молучу х1уманах шена ял хилийтархьама.

Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

«Баккъал а, 1амалш нияташка хьаьжина ю, баккъал а х1ора къонахчунна цо дагалаьцнарг хира ду 2 2 – Бухарий, 1. Муслим, 1907. »

Цундела, ша юучу я молучу х1уманца марзо эца, я вузаран дуьхьа а ца юуш, Аллах1ан дезаш долу цхьана дикачу х1уманан дуьхьа аьлла яахь мела хуьлу цунна.

Амма вуза я цуьнан марзо эца цо и яахь, вузар бен ца хуьлу цунна, ял ца хуьлу.

Бусалбачу стага х1ума вузаран дуьхьа доцуш, кхечу дикачу балхана дуьхьа яа еза.

Цундела, яах1ума юуш дика ният динехь, цуьнан нияти хьаьжина мела а хуьлу цунна, иштта вузар а хуьлу. Ткъа дика нията яах1ума юуш волучо дагалаца дог1уша долу, иза:

1-ШЕН ДЕГ1 ЛАРДАР

Х1ора адама Далла хьалха жоьпе ду шен дег1ах, и х1аллак хиларха лардар т1едиллина Дала цунна. Цундела, ша юу х1уманца шен дег1 х1аллак хиларха лардар аьлла яахь, цунна цунах дика ният хуьлу, мела хуьлу.

2-ЮУЧУ ЯАХ1УМАНАХ ШЕНА ХИЛЛАЧУ Г1ОРАЦА ДАЛЛА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДАГАЛАЦАР

Ша юуш йолу яах1уманах шена хилчу г1ораца Дела реза хуьлу х1ума дийра ду ша аьлла дага лацара мелехь ду.

Яах1ум юучун иштта дика ният хиларан билгалло ю цо сов ца яар, лахахь аса хьаха мадар, я ша меца хилчий бен яах1ум ца яар. Т1къа ишттачу кепара яах1ум юуш хиллачунна лоьран дарбанаш къезиг оьшура ду, х1унда аьлча, дукхох йолу цамгарш яах1ум нийса ца яарх хуьлуш йолун дера. Т1къа яах1ум нийса яаро могушалла лар йо.

3) -ЯА Х1УМА ЯАЛЕ ХЬАЛХА БИСМАЛ ДАККХАР

Яах1ума яа волавалле бисмал даккхара мелехь ду.

Пайхамаро (Аллах1ера хьаствар а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Шух цхьаъ яах1ума яа волалуш цо олийла: «бисмиллах1 3 3 – Абу давуд, 3767. »

«Бисмиллах1» бохурга: «Аллах1ан ц1арца» бохурга ду. Иштта «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» а ала мегар ду.

Ткъа «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» бохурга: «Аллах1ан ц1арца Сов Къинхетамечу Къинхетам бечу» бохург ду.

Ткъа яах1ума юуша бисмал даккхаро чу лоцу, Аллах1ан ц1арца яах1ума яа вола валар. Иштта волавалар беркате хира ду.

Амма яах1ума яа волавалле биссмал даккха вицлахь, яах1ума юуш шена дага ма деина эра ду : «Бисмилла́х1и аввалах1у ва а́хирох1у».

Пайхамаро (Аллах1ера хьаствар а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Амма иза вицлахь (яах1уман хьалха бисмал даккха) шена дагадеъча цо олийла: «Бисмиллах1 аввалах1у ва а́хирох1у 4 4 – Абу давуд,3767. .

Цуьнан маь1на: «Аллах1ан ц1арца хьалхенгахь а, чаккхенгахь а».

Нохчий маттахь а ала мегар ду из.

Яах1ума юучо бисмал ца даьккхинехь, шайт1ано цуьнца цо юуш ериг юу. Амма ша бисмал ца даькхний дага а деъна, вицвелча даккха ма дезар бисмал даккхахь шайт1ано ша йиънарг хьала1аьттайо. Цундела, шена дага деъча даьккхина а, ша яах1ума йиан валле даккха деза, шайт1ига цо йиънарг хьала 1аьтта яйтархьам, иза дуза ца деш.

4) -АЬТТО Я АЬРО АГ1ОННА Т1Е ДУКХ Т1ЕХЬ ПАРХАТ ВОЛУШ Д1АТАЬ1НА ЦА ХИЛАР

Яах1ум юуш аьтто я аьро аг1онна дукх т1ехь пархат воккхучу кепара т1е таь1на яар дика лаьрра дац динехь, иштта ца яар мелехь лаьрра ду вайн динехь.

Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

«Амма аса д1атаь1ина волуш яах1ум ца юу 5 5 – Бухарий: 5398. »

Дукха т1ехь сов д1атаь1ина волуш яах1ум яаро, стаге цуьнан дег1 хьаште долчуллаъ сов йоуьйту, цундела, дика ца лаьрра бусулба дино д1атаь1ина яах1ум яар. Т1къа сов яаро стаган совнах дилха т1е дуьллуьйту. Имам Иброх1ийм Аннахо1ис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла

<<���Д1атаь1ина болуш яах1ум яара ца дезара царна (хьалха хилчу дикачу нахана), шайн гайнаш даккхий хиларан кхоьруш>>».

Иштта т1аьхь сов д1атаь1ина лоруш ву букъ т1е д1авижина а волуш яах1ум яар, иза дика дац.

5) -ЯЪХ1УМА ХЬАНАЛ ХИЛАР

Шен юух1ума хьанала хилийтара бусулбачу стега декхар ду,

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Хьусайн Шовхалов читать все книги автора по порядку

Хьусайн Шовхалов - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ отзывы


Отзывы читателей о книге ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ, автор: Хьусайн Шовхалов. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x