ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР

Тут можно читать онлайн ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР краткое содержание

ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - описание и краткое содержание, автор ШОВХАЛ ХЬУСАЙН, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Кху жайни т1ехь дуьйцу:– До1а нийса хилийта х1ун дан деза— До1а дарн дазалла— До1ан жоп хуьлу хьелаш, меттигаш, бахьанаш— До1а дар еза 1амал хилар— 100 до1а къуръан чуьра а, суннатера а.

ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ШОВХАЛ ХЬУСАЙН
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА?

ДО1а НИЙСА ДАР

ШОВХАЛ ХЬУСАЙН

ДЕШХЬАЛХЕ

© ШОВХАЛ ХЬУСАЙН, 2020

ISBN 978-5-0051-7590-8

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Биссмиллах1иррохьманиррохьийм.

Хастам бу Аллах1ана Шен лайшана мел оьшург царна делла волучу. Лайно шега дехча, цунна жоп луш волучу. Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда вайн элчанна Мухьаммадан а (Делера салават-маршал хуьлда цунна), цуьнан гергарчарна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош, церан некъа т1ехь мел волучу стагана а, зудчунна а.

Вай наха хийлаза хаттар дина соьга: «Делига до1а муха дан деза» ? – аьлла. И хаттар сайга дича дог 1овжа дора сан, х1унда аьлча, Делига до1а да цахууш бусулба стага хилча, дог муха 1овжа дийра дац?! Цунах лаьцна а 1илма цуьнгахь ца хилча, стенах лаьцна 1илма хира ду цунгахь?! Цунна уггаре коьрта оьшу х1ума цунна хууш ца хилча?

Цундела, сайна т1ехь декхар гора суна до1а муха деш хилар царна билгалла дар, Дала сайна довзийтинчу 1илманца. Цундела, Делан пурбанца, х1ара жайна язда аьтто хили са.

Кху т1ехь хьуна дойзура ду до1а муха дан деза. Мичахь дича, муьлхачу хена дича, муьлхачу хьелашкахь дича вуолехь ду. До1а д1а муха доло деза, чекх муха даккха деза. Х1ун деха мега, х1ун ца мега. До1ан бехкамаш, цуьнан г1иллакхаш, иштта кхиъ дуккху х1ума.

Дала хьан до1анна жоп лойла, х1ай лераме бусулба стаг. Айха до1а деш, х1ара жайна яздина Делан лай виц ца вар доьху хьоьга.

Дала беркате дойла х1ара жайна хьуна!

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН ОМРАНА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДУ

Аллах1ас аьлла къуръан чохь : «Аш Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду».

Цундела, айха Делига до1а деш хьо тешна хила веза Дала хьан до1а жоп цалуш дуьтург ца хилар. Дала Ша жоп лура ду аьлла. Амма Дала Шега динчу до1ан жоп далар тайп-тайпана хуьлу. Наггахь ахь дехнарг ло Цо хьуна. Я ахь дехнарг цалуш, ахь динчу до1ан доьхьал хьоьхь цхьа бала юха туху Цо. Я хьан до1ан жоп эхартан д1адуьллу, цигахь хьуна дика дала хьан до1ан доьхьал.

Цундела, хьан до1а дойра дац хьуна цхьанний кепара. Делахьаъ, Дала Шен хьикматаца хьуна х1ун оьшу хьаьжина жоп лура ду хьуна.

ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН 1ИБАДАТ

ДАР ДУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: До1а 1ибадат ду.

Шега до1а дарна Дала яьл ло, х1унда аьлча, ахьа Цуьнга доьхучу хена, цхьаъ дехна ца 1аш, кхин цхьа 1ибадатаъ деш хуьлу хьо, иза ахь до1а дар ду. Цундела, хьан до1ан жоп хилахь а, я ца хилахь а, до1а дарн яьл хуьлу хьуна.

ДО1А ДАР УГГАРЕ СИЙЛАХЬ Х1УМА ДУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла : «Лекхачу Аллах1ана до1анел сийлахь цхьа а х1ума дац».

Цундела, до1а деш верг, уггаре сийлахь 1амал еш ву. Далла гергахь ву иза.

ДО1А ДАРО АЛЛАХ1АН ОЬГ1АЗЛО

ЮХА ТУХУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла : «Аллах1ига доьхуш воцучунна, Иза цунна оьг1аз воьду».

Аллах1 Шега до1а ца дечунна оьг1аз х1унда воьду те? Массо халкъ Аллах1ига хьаште ду, Цуьнга доьхуша ду шайн хьаштанаш, амма Цуьнга цхьа а х1ума ца доьхуш верг, ша Аллах1ига хьаште вац бохург ду иза цунна, маттаца хьацаалахь а, шен леларца боху цо иза. Иштта стаг куралла еш ву, цхьа а х1ума Аллах1е ца дехарца. Иштта хила мегар дац. Иштачунна Аллах1 оьг1аз воьду, х1унда аьлча, Ша Шега деха хьакъ волу Шега ца дехарна. Цундела, сих-сиха, х1ора дийнахь Аллах1иг до1анаш деш хила веза хьо, х1ай Аллах1ан лай!

ДО1А ДАРО Г1ОРАСИЗАЛЛА

Д1АЙОККХУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре г1орасиз верг, до1а ца далуш верг ву».

«Муъмин стега герз до1а ду» – аьлла пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна), ткъа шен герз охьа теснарг хира вац г1ора сиз? Шен уггаре доккха а, ч1ог1а а, дика а герз охьа тесна цо хилча. Цундела, ниц1къ берг, шен Делига кхойкхуш до1а деш верг ву.

ДО1А ДАРО БАЛА ЮХ ТУХУ

До1ано т1ебеъна бала а, хира болу бала а юх туху. Т1ебеъна бала юха тохар хуьлу ишттачу кепар, масала: Хьоьца цхьа бала бу, ткъа ахь Делига до1а дича и бала хьайх д1а айба аьлла, хьан до1анца д1аойбу иза Аллах1ас.

Хира болу бала юха тохар хуьлу ишттачу кепар, масала: Дала хьуна цхьа бала язъбина, хьуна хила безаш болу, ткъа ахьа до1а дахь и бала хьайна ма хилийта аьлла, хьан до1анца Аллах1ас ца хуьлуьйту хьуна и бала.

Х1оккхахь хаттар кхолладара тарло хьан: «Суна мичара хуур ду, Дала сайна х1у бала язъбина, аса иза ма хилийта аьлла Цуьнага дехал?».

Хьуна иза хоийла дац цхьанне кепара, х1унда аьлча, хира дег хууш верг, хир дерг хуьлуьйтуш верг Аллах1 бен воцун дера. Т1къа иза Аллах1ан къайле ю, хьуна хаа йиш йоцуш. Цундела, ахьа хьайна ца безаш болу бала боьхура бу, ткъа Дала хьуна язъйиначу кхелехь и бала язбина белахь, ахь иза махилийта аьлла до1а дарца, Дала хьан до1анца цахуьлийту хьуна иза Шена лаахь.

АЛЛАХ1 ШЕГА ДО1А ДеЧУЬНЦА ВУ

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла : «Сийлахь а, везачу Аллах1ас къуръан чохь боху: Со сан лайца ву, цо Соьга дехча».

Аллах1 хьоьца хилар бохуРг, Цо хьуна г1о дар, хьо ларвар, хьан до1ан жоп далар, хьан дог пархат даккхар, хьо толавар, иштта кхиболу пайданаш а хьуна хилийтар ду. Ткъа хьо до1а деш хилча, Аллах1 хьоьца хилча, хьуна кхин х1ун оьшу? Цундела, хьан герз Аллах1ац ду, Цунна т1е болх билла, Цуьнга деха.

ДАЛА ШЕГА ДО1А ДЕЧУХ

КЪИНХЕТАМ БО

Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Аллах1ас шух милла а шега до1а дар т1ехь нисвича, Аллах1ас цунна Шен къинхетаман не1арш д1айоьллу».

Ахь до1а дар, Аллах1ас хьоьхь бина къинхетам бу хьуна, хьуна до1а дар дага даийтарца, хьуна иза дар деза далийтарца. Цундела, ахьа до1а дийра дац, Аллах1ас хьан аьтто бичи бен, Аллах1ас хьан аьтто а бина до1а деш хьо велахь, Аллах1ас Шен къинхетаман не1арш д1айиллина хьуна. Далла хастам бе.

ДО1А ДАРН Г1ИЛЛАКХАШ

До1 деш верг х1ара г1иллакхаш лардеш хила веза. Х1ара г1иллаккхаш лардара Далла дезаш ду, х1орш лардара мелехь ду, х1орш лардаро до1ан жоп далар алсам доккхуш ду.

1) -Къилбе верзар.

2) -Дала до1ан жоп лур ду аьлла дог тешна хилар.

3) -Дуккху х1ума дехар, дуьнен х1ума а, эхарт х1ума а.

4) -До1ангахь доьхуш дерг юх-юха дехар.

5) -До1ан жоп хиларн сих ца валар.

6) -Айха до1ангахь доьхуш дерг ч1аг1дина хилар, «я Аллах1, Хьайн лаахь хилийта Ахь» ца бохуш, «Я Аллах1! Ло Ахь сунна из» алар.

7) -До1а деш Аллах1ан хьаставелла хилар, Цунаха кхоьруш, Цуьнга са туьйсуш, Иза дагахь хилар.

8) -Айха доьхуш дерг кхузза дехар.

9) -До1а деш аз лахдина хилар, шена хезачу кепара, кхечунна ца хезачу кепара.

10) -Къинош летийна хиларца мукъарло дар, царах дохко валар.

11) -Дала деллачу ни1маташна мукъарло дар, Цунна царна хастам бар.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ШОВХАЛ ХЬУСАЙН читать все книги автора по порядку

ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР отзывы


Отзывы читателей о книге ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР, автор: ШОВХАЛ ХЬУСАЙН. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x