Хьусайн Шовхалов - ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Тут можно читать онлайн Хьусайн Шовхалов - ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Хьусайн Шовхалов - ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ краткое содержание

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - описание и краткое содержание, автор Хьусайн Шовхалов, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
– Хьижаб фарз ду— Хьижаб дохар деза 1ибадат ду— Хьижаб лаладарн йоккха ял ю— Зударий беза хилар— Зударийн сий дар— Хижаб лела цадарн бахьан— Бусалба дино зудчун дина сий— Хьижабан нийса куц

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Хьусайн Шовхалов
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Хьусайн Шовхалов

© Хьусайн Шовхалов, 2020

ISBN 978-5-0051-8566-2

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьмарниррохьийм

Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош кхобуш волучу, Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарин Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, цара лелийнарг леладеш церан некъа т1ехь мел волучу бусулбачу стагна а.

Боккъалаъ, уггаре бакъ долу къамел Сийлахь-Везачу Аллах1ан жайна (къуръан) ду, уггаре дика нийсо Мухьаммадан нийсо ю, уггаре вуо белхаш динехь юкъ дехнарш ду, динехь юкъ мел деккхина х1ума бид1ат ду, т1къа массо бид1ат тиллам бу, т1къа массо тиллам жоьжахат чохь хира болуш бу.

Лараме бусулба йиша!

Х1ара жайна хьуна яздеш ду ас, Дала хьуна т1едиллина долу хижабах нийса кхетам хьуна бовзийтархьам. Тахана дуккху бусалба йижаршна хьижаб цхьан баланах тера хета, Дала цхьа хал дина т1едиллина х1ума санна. Цундела, бусулба зудчо иза ца леладарн бахьана ду, шена цунаха цхьа гатто хуьллу моттар, «ша цхьан халачу х1уманна къел тоьтту моттар, ша дуьненах къайла йоккху моттар, ша „мо́дах“ юкъах йоккха моттар, ша „къан беллачу зударех“ д1атарош ю моттар, ша шена атта долучу кепара лела ца юьту моттар» , иштта кхидолучу а бахьанашна вайна хозийтучу т1е ца духу цо иза.

Тахан ламаз ца дечу зудчуьнга ламаз де аьлча, цхьана зудчуьн иза харца хетар дуй? Тахан марха ца кхобучу йо1е марха кхаба аьлча, иза цхьана йо1ан харц хетар дуй? Я кхидолу бусулба динехь дойзуш долу х1ума де аьлча, цхьана йо1ас бехк буьллура буй иза де бохучунна?

Цу хаттарийн жоп: Цунна цхьана а йо1ас бехк буьллура бац, я ламаз де аьлча а, я марх кхаб аьлча а, я кхидолу вайна дойзуш долу бусулба динера х1ума шега де аьлча а.

Х1унда ца буьллу цара цунна бехк? Дера ца буьллу цо де бохург бусулба динера х1ума долун дера, цо де бохург Дала бохург долун дера, цо де бохург Далла 1ибадат де бохург долун дера!!

Цундела, Дала т1едехкина кхи долу 1ибадаташ санна хьижаб а 1ибадат дуй вай йижаршна а, наношна а довзийтархьам яздо аса х1ара жайна.

Х1аъ, дера дуй хьижаб бусалба динехь зудчуьн доккха 1ибадат! Х1аъ, ю дер, Делан дуьхьа хижаб доьхнарг Далла 1ибадат деш, цо и хьижаб лела маьл до!!

Цундела, цхьа а тайпа гатто еш х1ума хьуна хьайна т1едиллина моттара хьуна ниц1къ бархьам, хало ярхьам, нийса дац хьан, х1ан-х1а, иштта дац иза, эзарза иштта дац иза!!

Дала хьижаб хьуна т1едиллина хьо Шена кхиъ ч1ог1а герга яийтархьам, хьоьга ялсман атта яккхийтархьам, хьо хьайн духарца Шена 1ибадат деш хилийтархьам, иштта кхиа дуккху пайданашна дуьненахь а, эхаратехь а хьуна хира болу Дала т1едиллина хьуна хьижаб леладар.

Цундела, фарз духар зударшна т1едиллина декхар хилар билгал а деш, хьижабан т1екхоьллина х1уманаш юх а тухуш, цунах нийсох дерг хьуна билгалла а деш, хьижаб доьхча хьуна хуьлу ял йовза а йовзуьйтуш, фарз духарца хьо д1акъовлаелча хьо дезчу 1ибадатехь хилар билгалла а деш, х1ара жайна яздо ас хьуна, х1ай сайн лараме бусалба йиша!

Дала бусалбачу наношна а, йижаршна а пайде дойла х1ара жайна, хьижаб дохаз йолучунна иза т1едохар кхунаха бахьан а дойла, хьижаб доьхначунна кхунаха кхаъ а бойла, иза леладарн т1ехь г1о а дойла, и массо х1ума кхочуш дан ниц1къ болуш вукх Сийлахь-Лекха Дела.

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн 7.10.2018 ш.

БУСУЛБА ДИНАС

ЗУДЧУн ДИНА 1УНАЛ

Хийлаза зударшка бусалба динехь царна т1ехь дерг хьахдича, цара олуш хезна суна «И дин тхуни бен доссина дац те» ? Цунна бахьан цхьаъ ду, даиманна зударша дан дезарг дуьйцу божарша, церан декхарш дуьйцуцара, амма дино церан хьакъ даздеш хьахийнарг ца дуьйцу царна, я дуьйцу, делахьаъ, вукхуьнца дуьстийча, х1ордан чуьра т1адам барамехь санна хуьлу иза.

Цундела, зударшна х1ара дин дазделла, кху динан белхаш базбелла, «шеш бен Дала х1умма хьахьа цадина те цу къуръан чохь» – аларан т1е бахкина.

Делахь а, иза иштта дац, бусулба зударий Дала Шен динехь дукха ч1ог1а базбина, лерина бийцина бу. Зударшна, бусалба динехь шех лаьцна дерг довзахьара, ма боккха кхаъ хира бара царна цунах! Ма цец боьвра бара уьш! Ма ч1ог1а лаьрра шаьш Дала аьлла дага дохур дара царна! Иштта и хьижаб а леладарн дазалла царна хиъча, самукъа а долуш леладийра дара цара из.

Цундела, бусалба дин далле зудчуьнна хадош хилла маххи, бусалба дин деача, цо зудчуьн хадийн маххи хьахора бу ас, бусалбачу наношна а, йижаршна а Дала шайн мел лакхара мах хадина довзуьйтуш.

БУСУЛБА ДИН ДАЛЛЕ

ЗУДЧУН ХИЛЛА МАХ

Зуда даиманна г1ийлачу хьолехь латтош хилла цхьадолучу къаьмнаш. Дуккху къаьмнашна юккъахь зудчуьн лакхар мах хадош ца хилла. Иза цхьа́ а хьакъ доцуш, зуламан бухахь латтош хилла. Масала:

– Цхьадолучу къаьмнашна юккъахь зудчуьнна х1усам да велча, воккхох волучу к1ента бакъо хуьлуша хилла шен нана шена яла ян, кхечуьнга иза маре ца йохуьйтуш. Я ша яла ца яхь, кхечуьнга маре ца яхийта бакъо хилла цуьнан. Амма Дала хьарам дира иза дериге. Дала боху къуръан чохь :

<<(Дала) шуна хьарам бина шун наной (бала ба) 1 1 – Ниса́ъ, аят: 23. >>»

– Гергара цхьаъ д1аваьлча, цо т1ехь битинчу бахамах зудчун а, беран а луш ца хилла. Иза а Дала хьарам дина д1адаьккхира. Дала билгал дира зудчун а, беран а дог1у ирсан 2 2 – Наследство. дакъа, иза царна д1адалар т1еа диллира нахан. Дала боху къуръан чохь :

<<���Дас нанас а, уллера гергарчара а т1ехьдитинчух ирс дог1у божаршна а, иштта зударшна а, т1ехьдитнарг къезиг далахь а, я дукх далахьа а, фарз хьакъ ду иза (х1оранне)>> 3 3 – Ниса́ъ, аят: 7. »

– Бусулба дин далле стаго шен зуда шена маьл лаьа юьтуша а хилла, юх ялош а хилла. Цундела, зуда цу стагах маьрша яьлла д1аяха йиш йолуш ца хилла.

Амма бусалба дино зуда кхузза йита бен ца магийра. Кхузза йитинчул т1ехьа зуда стега долара йолуш хилар билгалла дира къуръан чохь. Иза зудчух къинхетам беш, цуьнан хьакъ лар дар дара.

Иштта Дала зудчуьн т1ера зулам д1аойбуш, зудчуьнца дина 1уналла ду х1ара Шен сийлахьчу шарий1атехь. Къемат де даллац хир долуш ду и 1уналла зударшна. Йоккха башхалла го вайна бусулба дино зудчун беш болучу лараманни, адамо юкъа дехначу низамаш зудчунна беш болучу лараманни юккъахь.

Цундела, зудчуьн ларам барх а, цуьнан 1унал дарх а ду Дала цунна т1е фарз дина хьижаб т1едиллар.

БУСАЛБА ДИНО ЗУДЧУЬН

ХАДИНА ЛАКХАРА МАХ

Дала Шен 1унал ца деш цхьа́ а х1ума дитина дац, къаьстана Дала 1унал диначарех бу зударий, церан лаккхара мах а хадош Шен шарий1атехь хьехийна Цо уьш.

Уьш Дала д1атесна битина бац Шен шарий1атехь, мелла а церан сий даздеш, церан ларам лакхабоккхуш, царех 1унал деш уьш дуккха хьеха бина Сийлахь-Везчу Дала а, Пайхамаро а (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна).

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Хьусайн Шовхалов читать все книги автора по порядку

Хьусайн Шовхалов - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ отзывы


Отзывы читателей о книге ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ, автор: Хьусайн Шовхалов. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x