Хьусайн Шовхалов - ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Тут можно читать онлайн Хьусайн Шовхалов - ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

Хьусайн Шовхалов - ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ краткое содержание

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - описание и краткое содержание, автор Хьусайн Шовхалов, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
– Хьижаб фарз ду— Хьижаб дохар деза 1ибадат ду— Хьижаб лаладарн йоккха ял ю— Зударий беза хилар— Зударийн сий дар— Хижаб лела цадарн бахьан— Бусалба дино зудчун дина сий— Хьижабан нийса куц

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор Хьусайн Шовхалов
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

Цундела, Сийлахь-Везачу Дала зудчун хадина лакхара мах а, цуьнца хила деза 1уналла а билгалла дийра ду ас т1едог1учу дакъошкахь.

1-НЕНАН МУЬТ1АХЬ ХИЛАР

Хан заманца зудчун нана хилар яздина Дала, цундела, цуьнан 1унал деш, Делан пайхамаро (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) аьлла : «Боккъалаъ, Аллах1ас хьарам дина шуна, наношна муьт1ахь ца хилар» 4 4 – Бухарий,5975.

Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) шен къамелехь еккъа нана бен хьаха ца ярн бахьана, нана г1ийла хилар, доьзал цунна муьт1ара атта болуш хилар, иза цунаха оза балар къезиг хилар ду. Цунделла, цунаха алсам 1уналла деш, Дала Шен пайхамарига (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) къаьстина хьахяйтина нана.

Ненан муьт1ахь хиларха йоьзна Сийлахь-Везачу Дала ялсаман. Пайхамарс (Делера салават а, маршала а хуьлда цунна) аьлла :

«Ялсман нена когашкахь ю 5 5 – Насаий, Ибн Мажах1. ».

Ахь ойла яхь, х1ай сан бусалба йиша, нана, ма доккха х1ума ду из. Ялсаман хьан когашкахь яр. Кхи х1ун тоьшалла оьшу хьуна Дала хьо язъярн т1ехь?!

Кхи х1ун доккха дазалла хира ду хьуна, Дала Шен ялсаман хьан когашка йиллал?!

Цо гойту, Аллах1а маьл ч1ог1а 1уналла дина хьоьца.

2-НАНА ДЕЛЛАЪ КХУЗЗА

ЕЗА ХИЛАР

Нана делаъ кхузза язъйина Сийлахь-Везчу Дала, цунаха кхузза ч1ог1а 1уналла деш.

Цхьан дийнахь пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа стаг т1е веара, цо хаьттира пайхамарига :

– «Х1ай Аллах1ан элча, нахах со шена накъост хила уггаре ч1ог1а т1ехь хьакъ дерг мила ву?». Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага шоллаг1а а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла ахуьлда цунна) элира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага кхоозлаг1а а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага диолаг1а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Хьан да ву 6 6 – Бухарий, 5971. »

Гой хьуна, х1ай лараме нана, х1ай лараме бусулба йиша, ма яз йинакх хьо Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), дех диначуллаъ кхузза сов Дала 1уналла дина хьоьца!!

Цундела, ненан сий дукха ч1ог1а дан дезаш ду. Цуьнца ларам алсам хила безаш бу.

3-ЙО1аРИЙ БАЙА МЕГАШ

ЦА ХИЛАР

Хьалха 1аьрбойн 1адат хилла зудчо стагна йо1 йича, дена т1е эхь деъна лоруша хилла. Иза шена хиъча, да юхь т1ехь 1аржалой, г1айг1ане а вужий, нахан гучу вала эхь хеташ леч1къаш лелаш хилла.

Сийлахь-Везчу Дала боху къуръан чохь :

<<���Царах цхьанна йо1 хилла аьлла цуьнга кхаъ баьккхича, юьхь 1аржало цуьнан, ч1ог1а оьг1аз вахна а волуш. Хьулбо цо нахах шега баьккхинчу кхаах хилла болу цатам. Ша сийсаз ваьлла а хеташ дийна юьтура ю цо иза, я лаьттах юллур ю те, ма вуо х1ума дукх цара деш дерг (и лаьттах йолларца) 7 7 – Нахьл, аят: 58—59. >>.

Иштта ирча кхаъ хеташ хилла цунна шнга баьккхинарг.

Царна йо1 иштта ч1ог1а ца езарн бахаьан хилла иза т1аман пайде ца хилар, мостаг1 юх тоха цуьнан ниц1къ ца хилар, божарий санна къа а хьоьгуш цо риц1къ доккхуш ца хилар, цунна даиман харж ян езаш хилар. Цундела, цунах зе хилар бен пайда бац аьлла, йо1а йийна д1аяккхалла бен мах хадош хилла цара цуьнан.

Цундела, и эхь шайна т1ера д1а даккхархьам, дас шен йо1 дуьненчу ма яьллехь, иза дийна йолушехь лаьттаха юллуша хила, я цуьнан ши-кхо шо кхьачча юьш хила.

Иза ч1ог1а ирча 1адат хилла церан, цхьанний кепара Сийлахь-везчу Дала дуьтура доцуш. Цундела, Сийлахь-Везчу Дала Ислам дин досса дола дича, Цо хьарам дира йо1арий бойар.

Сийлахь-Везчу Дала къуръан чохь аьлла, къемат дийнахь Ша цара йийначу йо1е хоттург хилар :

«Къемат де хоьттича дийна йолуш лаьттах йоьллинчу йо1е Дала хоттура ду, х1у къа бахьаан долуш йийра цара хьо?

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

Примечания

1

– Ниса́ъ, аят: 23.

2

– Наследство.

3

– Ниса́ъ, аят: 7.

4

– Бухарий,5975.

5

– Насаий, Ибн Мажах1.

6

– Бухарий, 5971.

7

– Нахьл, аят: 58—59.

Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


Хьусайн Шовхалов читать все книги автора по порядку

Хьусайн Шовхалов - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ отзывы


Отзывы читателей о книге ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ, автор: Хьусайн Шовхалов. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x