Хьусайн Шовхалов - Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ
- Название:Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785449833464
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
Хьусайн Шовхалов - Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ краткое содержание
Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
22. Вовше дов даьлла цхьана шина стеган. Т1аккха и шиъ къедана т1евахна шаьшшинах бакъ-харц верг къаставайта. Къедас цушинна юкъахь дерг шега къаста ца делча, шинне а туьйхира, т1аккха элира:
– Далла бу хастам, шуьшиннех зуламе верг соьх ца валийтарна.
23. Цхьа стаг базарахь шен к1антаца шайна езачу х1уманна т1енисвелча, йохкархочуьнга мах хаьттина. Цо жоп делла:
– Цхьаннах цхьа сом доккху, – аьлла.
Цу стага аьлла:
– Х1ан-х1а! Из дукха ду.
– Аса цу мехах юхкуш ю иза.
– Ас кхаъ соьмех шиъ оьцур ю хьоьгара.
– Дика ду, д1аэца.
Т1аккха цу стага ше к1анте элира:
– Х1ай, к1ант! Д1алол цунна кхо сом, иштта йораг1о ю иза вайшинна.
24. Цхьана куьйгалхочо шен к1ант 1едалан коьрте х1оттийнера цхьана г1алахь.
Цхьана дийнахь цуьнга шен дегара кехат деанера, т1аккха кехат шегахь долуш иза нахе вистхилира:
– Х1ара кехат вай куьйгалхочуьнгара ду, иза валла́х1и вай шена муьт1ахь хила хьакъ долуш ву, иза сан да а ву, иза сол воккха а ву.
25. Цхьана куьйгалхочо шен к1ант 1едалан балх х1оттийнера. Цо дуьйцу:
– Буьйсана цхьана боккхачу балхана бен стаг ца вог1учу хенахь, сан дас стаг ваийтира соьга ша волче кхойкхуш. «Паччахьера кехат деана хир ду-кх, со хила везаш волчу цхьана г1уллакхех лаьцна,» – аьлла дагадеара суна.
Сайна т1е х1уманаш йоьхна, говра хиъна сайн да волчу х1усаме вахара со.
Со д1акхаьчча, сайн ден г1оьнчашка хаьттира аса:
– Паччахьера кехат-м ца деъна?
– Ца деъна, – элира цара.
Со сайн да волчу д1акхаьчча чувола элира цо соьга. Чувахча, суна сайн да меттахь вижина 1уьллуш карийра. Цо элира:
– Х1ай, сан к1ант, кху ерриг буьйсана цхьана х1уманан ойла еш кху сахьте ваьлла со.
– Дала 1алаш войла хьо, х1ун х1ума ду иза? – хаьттира аса.
– Аса сатеснера Дала соьх хьурул-1ийн ( 7 7 – Ялсмани чохь божаршна хин болу зударий
)йина, ялсамани чохь со Юсуф Пайхамаран (1алайхи сала́м) х1усамнана хилийтар, цуьнан ойла еш кху сахьте ваьлла со.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «ЛитРес».
Прочитайте эту книгу целиком, на ЛитРес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.
Примечания
1
– Х1ара дийцарш Имам Ибн Жавзий «Ахба́рул хьамкъо вал муг1оффилийн» жайни т1ера схьаэцна ду, цхьадерш д1аадохуш, цхьадерш сайгара т1е а тухуш.
2
– Вторник
3
– Орёл
4
– Г1урбан дийнахь хьаж чекхдалаза хуьлу, г1урбан дийнахь хьаж деш верг Маккахь хила везаш ву.
5
– Еллачу зудчуьнан к1ант
6
– Иракера г1ала
7
– Ялсмани чохь божаршна хин болу зударий
Интервал:
Закладка: