ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Тут можно читать онлайн ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - описание и краткое содержание, автор ИсмаIал Акаев, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ИсмаIал Акаев
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать
III ХIуммаъ тIекаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха Йа бехк а бац Цхьанна а - фото 7

III

ХIуммаъ тIекаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха. Йа бехк а бац. Цхьанна а безара бацара шеца Iожалла йахьаш богIу хьеший. ИбрахIимана хIинца хийлозза дагатуьссура воккхах волчу вашас СаьIида дийцинарг, цо шега деш хилла долу хьехарш. Ма бакъ луьйш хиллера иза. Интернациональни декхара, афганцашна оьшу гIо иза ша дерриге а башха кIоргера ойла йан ца хуучарна лерина долу деса къамелаш хиллера. Цига дIакхоччушшехь кхийтира цунах ИбрахIим.

Маьрша адамаш дайар а, гIаланаш а, йарташ а тIе бомбанаш йетташ хIаллак йар а цхьаьна ца догIура Советски Союзан пропагандица.

Йуккъерчу бIешерашкахь дуьйна йина хилла и шира гIаланаш а, йарташ а, адамийн цхьа декъаза Iер-дахар а, аккха Iалам а – афганцашна гергара делахь а иза ша дерриге а, амма советски саьлтишна ма хийра дара иза. Цундела ца кхетара уьш вовшех. Дийнахь йуьхьаьнцара сел маьрша хета афганцаш хIора буса кара герз а оьций, мостагIашна дуьхьал тIом бан арабовлура. Советан Эскарехьа берш а бара кху махкахь, амма церан терахь вуно кIезиг дара.

Ша лелош дерг харц хилар дагчу тассаро новкъарло ца йира ИбрахIимана цу тIамехь шен йист йоцу къонахалла гайта. Иза майраллица воьдура муьлха а кхерамна дуьхьал, доьналлица чекхволура тIеман халонех. Кавказера волчу цунна кхи болчарел аттох дара ламанийн некъаш цеста а, йовхо лан а.

Кандагарана гена доццуш хиллачу цхьаьна къиза латарехь ИбрахIима куьйгалла деш йолу отделени шен кхиамашца массарел а къаьстира. Йалх сохьтахь цхьаьна а шайн стагах ца хедаш, сецийра цара шаьш дIалаьцна лекхалла. Цу тIамехь доьналла гайтарна ИбрахIимна орден а йелира, иштта бархI денна цIа ваха мокъа а витира. Иза лаккара совгIат дара. Амма ИбрахIим цIа ваха ца тигира, хIунда аьлча кхуьнан доттагIа Крутов Юрий лазийнера. Иза кхуьнца цхьаьна батальонехь вара, амма талларан ротехь. Церан взводана кIело йинера. Юрий чIогIа лазийнера – пехах а хьакхалуш, букъчухула чекхйаьллера цунна даьндарг. Тамашийна хIума дара иза дийна виссар а.

ТIеман накъосташа хала араваьккхира иза кIело йиначу меттигера. Крутов лазийначул тIаьхьа ИбрахIим цуьнан метта талларан ротан командиран гIовсан дарже дехьаваьккхира.

ИбрахIима Афганистанехь шо сов хан йоккхуш дукха хIума хилира. Лазамо дог Iийжадора цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа тIеман накъостий дIаоьхуш. Кхузахь хиира доттагIаллин мах а. Сацанза Iенара цIий, даима йуххехь хеталора Iожаллан и шийла садеIар. ТIамна хууш хиллера бакъ долчу дахаран чам ма-барра бовзийта. Хеталора дуьненахь гиначу жоьжахатан цIе цкъа а ца йан летта йу кху дакъаза бала хьаьхначу махкахь.

ИбрахIима сих-сиха кехаташ йаздора цIерчаьрга. Цаьргара жоп а догIура. Амма ИбрахIима Ольге дахьийтиначу цхьаьна а кехатана жоп хIинца а деъна дацара. И бахьнехь иза боккхачу сингаттамехь вара. Цул совнаха ИбрахIима тIеман декъера шен накъосташка йаздинчу кехаташна а ца догIура жоп, иштта Крутовс Галине йаздо кехаташ а дуьссура дуьхьал жоп доцуш. ИбрахIим кхеташ вацара хуьлучух.

Цуьнан сатеда гIерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йоI нохчочуьнца хила тарлучу йукъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» цIа дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул тIаьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.

РогIера латарехь жимма лазор бахьана долуш ИбрахIим йуха а совгIатца билгалваьккхира. Цунна йелира «Доьналлина» мидал. Лазаран цIийнахь цхьа бутт а баьккхина, ИбрахIим аравелира. Кестта чекхйелира тIеман декхара дIакхоьхьу хан а. ИбрахIим старшинан цIе а йелла, демобилизовать вира. Кабулан тIеман аэродромера иза кеманахь Москва дIавогIуш вара шеца цхьаьна эпсараш а, сержанташ а, саьлтий а, иштта лазийна берш а болуш.

ТIеман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, Iожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь Iаш болу нах а бара кхоьлина йаьххьашца, ойланийн йийсарехь Iаш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, Iийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан цIий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа хIинца цаьргахь йиссинарг оьгIазло бен йацара. Хала ма ду дуьнен чохь ваха дагчохь гIамаран буьртигал а дикалла а йоцуш. Ткъа цара шайн дахарехь мел хилла дика дайинера Афганистанан цу акхачу лаьмнашкахь. Царех хIораммо а ойла йора кеста гур болчу гергарчу нехан.

Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза хIаллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна йукъара цхьа верг-м, тIеман декхара бахьнехь йуха цига дIаваха а тарло… тарло гуттаренна цигахь висса а. Царех хIора а шен Даймахка йухавоьрзуш вара хара санна беса кийра а болуш. Ткъа дуьххьара тIом бан боьлхучу хенахь-м цаьрга аьллера Даймехкан декхаро уьш гIовттийна хилар, Даймахкана цкъа а шен турпалхой бицлур ца хилар. Ма дегнаш ира-кара хIиттина кхаьчнера уьш цига дIа. Ма кIезиг хетара Даймехкан дуьхьа дIалуш долу са а. Ма дозаллех буьзна бара уьш дуьххьара къиссаме гIовттуш. Амма хIинца кема шен болар сихдина мархашка айделча цхьаьнан а лаам ца хилира йуха хьаьжна, шаьш бохийна, баржийна охьакхоьссинчу махке тIаьххьара бIаьрг тоха…

Дай баьхна Латта

I

Москва – Соьлжа-ГIала цIерпошта схьакхачийра ИбрахIим Соьлжа-ГIалин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза дIа а аьлла машенчу хиира ИрахIим. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза йара Соьлжа-ГIала кху гуьйренан Iуьйранна. ИбрахIима бIаьрг тIера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ тIера.

ДIауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула дIавоьду хIора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-ГIалара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа йуха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу йуьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш Iуьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма йара ИбрахIиман йурт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера бIаьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн гIаларташ. ПохIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма йара хIара йурт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.

Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира ИбрахIима – дерриге а дегIах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн хIаваъ. Хеталора цу хIаваа нехан махкахь кхо Iанийначу цIийх хIара цу мIаьргонех цIанви. Генна дIахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ИсмаIал Акаев читать все книги автора по порядку

ИсмаIал Акаев - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман отзывы


Отзывы читателей о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, автор: ИсмаIал Акаев. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x