ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Название:Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005565730
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Бохам
I
Моьттура кхане сирла а, ирсе а йу. Амма буьрсачу Iай лаьмнашкахь хьаьттарш санна, тамашийна, кхета а, маьIна дан а хала болу хиламаш тIехецабелира адамашна. ХIора а де шеца инзаре хийцамаш бохьуш догIура. Хеталора эзарнаш, миллионаш адамийн дахаран мах белла йоьттина хилла, и цкъа а йухур йоцу СССР цIе йолу гIап тховса ша цIелиг санна охьахаьрцаш йу.
Халкъ Iадийна дара. Массеран а кхоьлина йаьххьаш тIехь гуш йара гIайгIа, хин дерг ца хааро кийра боссийна болу и кIорга сингаттам а.
1991-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнан хиламаша Нохч-ГIалгIайн республике керла баланаш беара. КПСС-ан ОБКОМ-ан секретарь волчу Завгаевна бухара гIант а лестира. Иза СССР пачхьалкх кхоьлличхьана дуьххьара нохчо вара и тайпа лаккхара дарже хIоттийна волу. Москвас бехк биллира цунна ГКЧП-ца йолчу йукъаметтигехь иза йуьстах ваьлла аьлла. Схьахетарехь Москванна иза кхин оьшуш вацара.
1990-чу шеран хIутоссург (май) баттахь Вайнехан демократически партис Нохч-ГIалгIайчохь кхин дIа хин йолчу политически процессашкахь мехала дакъа лецира. 1991-чу шеран мангалан (июль) баттахь республикин политически жайни тIехь хIинцалц йевзина а, хезна а йоцу цIе гучуйелира – Дудаев Жовхар. Халкълахь цунах лаьцна иза генерал хилар а, тейпан йалхаро а, цуьнан зуда оьрси хилар а, иштта цуьнан гергара нах Катаямехь бехаш хилар а бен кхин хууш хIума дацара. И хаам кIезиг бара къоман тешо Дудаевс йаьккха а, къоман куьйгалле иза хIотто а. Эстонин Тарту гIалин тIеман гарнизонан хилла комендант Дудаев Жовхар Соьлжа-ГIалара Нохчийн Къоман Вовшахтоьхначу Конгрессан (оьрсийн маттахь доцца цунах ОКЧН олура) председатель хаьржинера. Москвас гIо ца деш и хуьлийла а дацара.
ГКЧП сий дайна йоьжначул тIаьхьа рагI ОКЧН-ехь йара. Соьлжа-ГIалин урамашка цкъа кегий, йуха йаьккхий митингаш дIайахьар долийра. Оцу кегийчу тобанашка йаьккхийчу дивизишка а ца далуш дерг а дан ницкъ кхочура. Тамашийна хьелаш нисдаларца дIалецира МВД а, КГБ а, ткъа пачхьалкхалин и баххаш лардаран гIаролехь лаьтташ масех белхало бен вацара, цаьргахь а массаьргахь табельни герз а дацара.
ЦIий ца Iанош хилира и структураш дIалацар. Эскаро Iедална дечу цу зуламна цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира.
ИбрахIиман бIаьргаш хьалха охьадохийра Политпросвещенин ЦIа, цунна гуш дара тайп-тайпана кхайкхамаша марсайаьккхина халкъан и тоба цу гIишлонна тIехьодуш. И гIишло ларъеш, герзах боьттина лаьтташ хилла милиционераш меттаха а ца бевлира адам сацо.
Хуьлуш долчунах ИбрахIим боккъалла а кхета волавелира Москвара Соьлжа-ГIала Дудаевна гIо дан Хасбулатовн тоба йеъча. Шеко йацара церан Iалашо Завгаевна метта Дудаев нохчийн къоман куьйгалле хIоттор хилар, ткъа и кхочуш йан цаьргахь аьттонаш хилар а.
Кхета хала дацара хIунда ца къуьссу Завгаевс шен дарж.
1991-чу шарахь керлачу конституцица догIуш, Ночх-ГIалгIайн Республика йозуш йоцу пачхьалкх аьлла дIакхайкхийнера. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикин Лаккхара Совет дIахецначул тIаьхьа, цхьаьна ханна совет кхоьллира, иза Москвас керла харжамаш хиллалц законни орган хилар къобалдира. ОКЧН-ан кхочушдаран комитетан цхьаьна ханна кхоьллинчу Совета а, ГIалгIайчоьнан массо а тIегIанан депутатийн советан а барт барца Нохч-ГIалгIайн Республика йийкъира – Нохчийн Республикина а, ГIалгIайн Республикина а.
1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чохь Нохчийн Республикехь президентан а, парламентан харжамаш хилира, цара кечдира керла пачхьалкх кхоллар. ГIалгIайн къома йукъарахалкъан референдум дIайахьарца йухнехьа РСФСР-ана йукъайахара. Федеральни центр йистхуьлуш йацара. Амма 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь РСФСР-ан Лаккхара Совета дIахьедар дира Нохчийн Республикера харжамаш ша тIелоцуш ца хилар!
II
Дукха ду лаьмнашкахь чолхе некъаш а, некъан кегий тачанаш а, дукха йу цу некъашкахь аккхаройн лараш. КIезиг лела цигахь адам, лелахь а дукха хьолахь иччархо. Амма ламарой дIасалела тачанаш а ду цигахь – цхьаьна йуьртара кхечу йуьрта, цхьаьна махкара кхин махка. Ламаро воьду некъан тача гучара дIадаьлча иза уггаре а хьалха йухахьажа веза, дIасахьажа веза йуххера хьолах кхетархьама ша кхи дIа мича ваха веза.
Диканан а, вуонан орам бу дешар. И дешар а, Iилма а кIоргера мел хуьлу, дикано чIогIаха тоссу шен орам. Дешна наха кхуллу шайн тобанаш, тобанех йукъаралла кхоллало, ткъа йукъаралла – иза халкъ ду. Халкъ хьекъале мел хилий а, цуьнан вуонна дуьхьало йан ницкъаш алсам хуьлу, цуьнгара дика а алсам долу. Нохчийн къомана дика а вуо а хийцалуш кхийдош хиллачу Россин пачхьалкхаллин ирхенера кховдинера цо сатийсина маршо. Шеко йац хIун жоп лур дара гIамаран арахь виссинчу некъахочо шега хи дезий хьуна аьлла хаьттича. Амма цу лаамо вахийнарг Iехо а ца хиллера-кх хала.
Интеллигенци кхетам болчу адамех лаьтта. Цунна даима дуьхьалтуьйссу йаханчу заманера бIарлагIаш. И хилларг, дIаэхнарг нийсса къаьсташ гуш дац, амма интеллигенцина дагадогIу и муха хIаллак деш дара, муха хIаллак хуьлура историйн дийна теш хилларш. Нохчий а, гIалгIай а махкаха баьхначу хенахь харцонан марсайуьйлучу цIергахь йогура нохчийн къоман истори – шира жайнаш, таьптарш, хиллачийн тоьшалла ден йозанаш. Иза инзаре хIума дара – къизаллин терзан тIе диллича къам махках даккхарал а дезох. Мажъелла кехатан йуьхгаш бен санна ца диссина мостагIаша дIасаэтIийна нохчийн историн жайна.
ХIора а теори ца хуьлу аксиома. Дерриге а дуьненна шайн къомах лаьцна долу бакъдерг довзийта гIерташ къахьоьгуш бу нохчийн къомах болу историкаш. Мехала ду хьайн къоман истори хууш хилар. Шен кхиаре боьдучу некъатIехь муьлха а халкъана оьшу и нийса некъ хьоьхуш верг, гойтуш верг, кхерам боцуш цивилизацин хорше хIотта хала ду. Кегийра къаьмнашна а, халкъашна а къаьсттина кхераме йу революциш а, политически мур хийцабалар а. Оцу хьелашкахь кегийра къаьмнашна къаьсттина чIогIа оьшу собар. Синтеме хиларо гIо дийр ду дуьнене болу хьежам цIена хилийта а, цо кхийдайечу халонех атта чекхвала а. Дуьнен чохь пачхьалкхашна а, къаьмнашна а йукъахь дахарехь санна ницкъ болуш верг гIийланиг охьатаIо гIерта.
Интеллигенци классически билгалдарца – иза йукъараллин пардо ду. Тайп-тайпана бахьанашца исторически бакъдолчунна шен болчу хьежамащца цхьа барт болуш ца хилла иза. Аьтто бац сийлахь баккхийчу хийцамийн муьрехь, итта шерашца лаьттина йукъараллин кеп йухучу хенахь, хуьлучун нийса маьIна дан а, цIена кхетам ларба а.
Нохчийчоьхь хуьлучу процессашна шуьйрачу хаамийн гIирсийн гIоьнца а, адамашна дийна дашца а тIеIаткъам бан а гIоьртина интеллигенцин оппозиционни дакъа меллаша къайладелира. Ткъа цуьнан важа дакъа адамашна гуш а доцуш, хуьлучун куьйгалле хIоьттира. Цхьанна а ца гуш, лаьттара иза къомо хьалхатеттина а, шаьш цунна хьаьлха бевлла а болчу баьччийн букъа тIехьа, цара дIайоккху хIора а гIулч а, церан хIора а ойла шайна луъчу а йерзош, цара хIиттайора нохчийн керла пачхьалкх кхолларан Iалашонаш. Хьалхабевллачу баьччанша дуьгуш дацара нохчийн къам, цу цхьанна а ца гучу интеллигенцис дуьгуш дара. Ткъа мича дуьгуш дара? Стенга кхачош дара?
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: