ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Тут можно читать онлайн ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - бесплатно ознакомительный отрывок. Жанр: Русское современное. Здесь Вы можете читать ознакомительный отрывок из книги онлайн без регистрации и SMS на сайте лучшей интернет библиотеки ЛибКинг или прочесть краткое содержание (суть), предисловие и аннотацию. Так же сможете купить и скачать торрент в электронном формате fb2, найти и слушать аудиокнигу на русском языке или узнать сколько частей в серии и всего страниц в публикации. Читателям доступно смотреть обложку, картинки, описание и отзывы (комментарии) о произведении.

ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - описание и краткое содержание, автор ИсмаIал Акаев, читайте бесплатно онлайн на сайте электронной библиотеки LibKing.Ru
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать книгу онлайн бесплатно (ознакомительный отрывок), автор ИсмаIал Акаев
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать

– Да висса, Нохчийчоь… йиш йалара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна ИбрахIим минот йаьллехь шен урамна тIехволуш хиллера. ЦIахь хаьара хIара кху деношкахь цIа кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вогIур вуй. Кийра буьзнера ИбрахIиман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара гIайгIа а…

Москвахь ИбрахIим Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата тIехь йаздина хилларг. Галинас дуьйцура ИбрахIимера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. СабIарзделлачу шина йоьIа-м Литвиновга а гIо дехнера, амма капитана гIо дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух йара. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а йаханза деш долу и бер цо дIа ца даьккхира. Бер деш Ольга дIайелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде дIадахана.

И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма ИбрахIиман бIаьргах хин тIадам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел чIогIа Iовжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела бIаьрхиш а ца догIура. Цуьнан шеко йацара Ольга йаларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен йезар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу тIом беш, нехан цIий Iаночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И тIом герзаца бан безаш а ма бацара. ХIара стенна ваха веза хIинца? Мичахь ду дахаран маьIна? ХIара ма вара Iожалло лаца везаш верг, иза ма йацара. Стенна до те кхолламо сел къиза таIзар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем цIаьххьана бIаьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена тIера орденаш, погонаш. Юха тIера схьайаьккхина китель охьа а кхоьссина тIе мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало гIерташ, нуьцкъала ИбрахIим гIанта охьа а хаъвина, хи делира цунна. ИбрахIима масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма ИбрахIима жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьайеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, хIара тойнехь ган шайна чIогIа лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу гIертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и ИбрахIиме дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттагIа шена уллохь хила лаам буйла дIахаийтар.

ШолгIачу дийнахь цара ИбрахIимана бедарш ийцира, хIунда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь тIеман духар тIедоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана дIаелира. Цул тIаьхьа Юрийс ИбрахIим Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий дIакъаьстира вовшашка кехаташ йаздан а, гергарло лелон а тешо а йина.

…Машен йуьрта чуйогIуш йара. Дахаро Iовжийначу ИбрахIиман дагна молха хилла схьахIоьттира хьомечу йуьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузахь дахар. Массо а маьIIера схьахезаш йара зIаькардаьхниша йен гIовгIа, гуьйре йалахь а, хIинца а баьццара лаьттачу дежийлашка дIаоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна богIура зударий, цIен тIехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма цIена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна тIекхача лууш санна, кху йуьрта кхача хьаьгна вара ИбрахIим. Хеталора урамаша а йерзор йу кху тIаьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дегIана а дахаро мел йина чевнаш.

ИбрахIимал а чIогIа самукъадаьлла вогIура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вогIура иза урамехула сих-сиха сигнал йетташ, адамийн тидам тIе а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн цIеношчуьра, хилларг хIун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.

Эххар а ИбрахIиман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхайаьлла йогIура нана – ИбрахIиман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат. Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а ИбрахIим ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен цIа вохуьйтур волуш. ИбрахIиман агIонера машенан неI дIа а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:

– Аш шина шарахь ган сатийссина волу кIант Соьлжа-ГIалара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, хIара эскарера вогIуш ву, тIеман духара-м дац кхунна тIехь бакъдерг дийцича, амма шун бIаьра хьаьжча а гуш ду хIара харц луьйш воций, амма хIете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!

Хеда шен кIант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма хIете а таксистан забарна тIетайра. Цо элира ша муьлха а хIума дIадала кийча йу, къизачу таксиста шен кIант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстагIан метта ИбрахIим волчарга дIавала. Цу тIехь сихонца барт а хилира. УьстагI таксистан багажникана чубуьллушшехь ИбрахIим машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа гIуллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене кIур эккхийтина дIавахара.

Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо гIертар. Цунах кхеттачу ИбрахIима сихонца маракъевлира шен да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа йукъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан чIагIдала гIертачу дагна тешнабехк беш – бIаьрг буьзнера хин тIадамех.

Ма гуш дара Заурбекана шен кIант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.

– Йа АллахI Дела, Iалашве ахь сан кIант! – шен дагахь элира Заурбека.

ТасуевгIеран хIусамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а тIедеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш тIелаца кийча хилар. Ма доккха маьIна ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам бIешерашкахь дуьйна йа кхолламе а, йа мостагIашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа тIехь шен сий долу меттиг дIалаьцна лаьтташ.

Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.

Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа йуха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маьIна долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна хIинцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.

Читать дальше
Тёмная тема
Сбросить

Интервал:

Закладка:

Сделать


ИсмаIал Акаев читать все книги автора по порядку

ИсмаIал Акаев - все книги автора в одном месте читать по порядку полные версии на сайте онлайн библиотеки LibKing.




Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман отзывы


Отзывы читателей о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, автор: ИсмаIал Акаев. Читайте комментарии и мнения людей о произведении.


Понравилась книга? Поделитесь впечатлениями - оставьте Ваш отзыв или расскажите друзьям

Напишите свой комментарий
x