ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Название:Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
- Автор:
- Жанр:
- Издательство:неизвестно
- Год:неизвестен
- ISBN:9785005565730
- Рейтинг:
- Избранное:Добавить в избранное
-
Отзывы:
-
Ваша оценка:
ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман краткое содержание
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - читать онлайн бесплатно ознакомительный отрывок
Интервал:
Закладка:
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза йеттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа йуха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.
Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш йац, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш йац, нагахь санна цIеххьана кхуза хьаша ца веънехь.
Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маьIна долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.
ГIургIаз санна тIам ойбуш хьийза нохчийн йоI, ткъа цунна йуххехь ша аьрзу санна тIома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех бIаьрг буьзна Iаш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека.
Маржа-йаI, нохчийн пондар! Маржа-йаI, нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал гIевттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-йурт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостагIчунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостагIашна гойтуш церан бIо мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал чIогIа дуйла…
Чекхдевлира ИбрахIим цIаверзарна лерина даздарш. Йуха кIирнахь ИбрахIим хьошалгIа эха волавелира шена тIекхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг цIераваьлла дуккха а хан йаьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, йуьртхошна а тIехIотта.
ИбрахIим хIинца гуттаренна а цIа вирзинера. Йаханчу заманехь йиссира эскарца а, тIамца йоьзна цуьнан дахаран агIонаш. ЦIа веана кхаа денна йукъахь ИбрахIим декхарийлахь вара кIоштан тIеман комиссариате а вахана тIеман учете хIотта а, иштта паспортни столехь регистраци йан а.
ТIеман комиссара бехк баьккхира ИбрахIимана тIеман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. ЦIахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански тIеман ветеранийн йукъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха хIотта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара йуридически институте деша хIотта а. Дукха дехараш дира цара ИбрахIиме, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла хIуммаъ галъйаьлла йоццушшехь. Министерствехь массо а цецваьллера, хIунда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а агIонаш лоьхура цига балха хIотта. Амма ИбрахIим къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена хIун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо кIезиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела ИбрахIима тIетаьIIина кечам бора Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша хIотта.
II
Аьхка ИбрахIим университете деша хIоьттира. Деша хIуттучу хенахь цо пайда ца ийцира тIемало-интернационалист ву аьлла шен йолчу льготех, иштта КПСС парти йукъахь ша хиларна а тидам тIе ца хьажийра. ТIеэцаран комиссина иза чIогIа хаза а хийтира, хIунда аьлча цу заманахь коммунисташ даима шайн бакъонаш Iора йохуш, адам кхерош хуьлура. Республикехь царех боккъалла а кхера а кхоьрура нах.
Замано дIалистира ИбрахIиман дахарера керла агIо – студенчески шераш дIадуьйладелира. Йукъараллин болх беш, университетан дахарехь цо жигара дакъа лоцуш хилар бахьана долуш, даг тIехь бина ша а, меллаша баша болабелира. Университетехь иза дзйудо а, самбо а латаран кепашах кхиамаш гойтуш вара, иштта шен тобанан куьйгаллехь а вара, университетан партийни комитетан декъашхо а вара.
Корматаллин баххаш довза хала дацара ИбрахIимана, хIунда аьлча дукха жима волуш дуьйна цо харжам а бина, школехь а шардинера шен хаарш.
Университетан дахар шатайпа а, чулацаме а дара. ХIора дийнахь дуьненан литературин классикийн керла цIерш йевзара. ИбрахIима тIетаьIIина Iамабора оьрсийн мотт, цуьнан йист йоцу шорталла берашна йовзийта шена атта хилийта.
Университетан кхолгIачу курсехь доьшуш волуш, де-ненан чIогIачу лаамна къера хилла ИбрахIима зуда йалийра. Цуьнан хIусамнана хилира ИбрахIим эскаре воьдучу дийнахь Хедин бIаьрг тIехIоьттина хилла йуьртара йоI Хьава. Дукха дехарш динера цуьнга нанас, эххар а цуьнан лаамна тIетайначу ИбрахIиман дахарехь схьайеллайелира кхин цхьаъ керла, чулацаме агIо.
Хьава хIетале Къилбаседа-ХIирийн Орджонокидзе гIалара медицински институт чекхйаьккхина хилла йаьлла лор йара. И йевзиначу хенахь а, иза йалийначул тIаьхьа а йоьIа ИбрахIиман кийрахь сама ца баьккхира безам цIе йолу синхаам. ИбрахIима иза лорура, комаьрша а, дика а вара иза цуьнца, амма безаман цIе кхин цкъа а ца кхерста йайначух тера дара ИбрахIиман кийрахь. Амма дуьххьара кIант Ислам дуьненчу ваьллачул тIаьхьа ИбрахIима хийцира хIусамненаца шен йолу ойла. Цуьнан амал кхи тайпа гучуйелира ИбрахIимана, дукха хьолахь хьалха шена ца гуш хилларг хIинца бода дIабаьлча санна гучудолура. Жимачу Ислама безаман керла зIийдигаш дугIуш хазйира церан дахаран аре. Адаман бIаьрг хиллал тайна а, хаза а бара церан доьзал.
Университет чекхйаьккхинчул тIаьхьа ИбрахIим Соьлжа-ГIалин йуйуккъерчу школехь хьехархочун болх бан вахара. Школа кху заманан лехамашца йогIуш, керла йина гIишло йара. Белхан накъосташца йукъаметтиг каро а хала ца хилира массаьрца а даима тIекаре волчу ИбрахIимана.
Берашна шен хаарш дIакховдош, иза кхетара муьлха а пачхьалкхан бух дешар хиларах. Цунах йоьзна йуйла къоман могашалла а, культура а, экономика а. ИбрахIимана хаьара шена тIехь корматаллин лаккхара декхара дуйла, цундела цо шен ницкъаш ца кхоош къа хьоьгура белхан меттигехь. ИбрахIиман кхиамаш ца гуш ца биссира школин куьйгаллина. Кхо шо далале иза дешаран декъехула директоран гIовс хIоттавира. Хьехархочун болх дIатасса ца луучу ИбрахIима хазахетарца кхочуш бора ший а болх.
ХIара балха ваханчу хьалхара шина шарахь доьзал квартирехь Iаш бара, ткъа йуха халкъан дешаран гIалин отдела дина дехара бахьана долуш, ИбрахIимана латтана дакъа делира. Керла цIено долийра ИбрахIима. Цуьнан а, хIусамненан а дерриге а алапа керла цIено дарна тIехьажийна дара. Амма хIете а Iер-дахар хала дацара дас-нанас гIо дар бахьана долуш.
Советан заманара доьзалех къаьсташ бацара ИбрахIиман хьанал рицкъа доккхуш, къа хьоьгуш болу доьхал. ИбрахIим бераш Iамош вара, Хьава нахана дарба деш йара. Цхьа Ислам вара дуьненан гIайгIанах мокъа, шен да-нана хIора а дийнахь ирсе дарий бен кхин декхара тIехь доцуш. Кхо шо даьлча цIено а чекхделира. Керлачу хIусаме керлачу доьзалхочунца дIадолийра шайн дахар ИбрахIимгIара – дуьненчу йелира йоI Лиза.
Читать дальшеИнтервал:
Закладка: